ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнно декхар дIадала лерина тоьхна хан тIаьхьатеттина Украинана


Russia -- Оьрсийн Финансийн Министр Антон Силуанов Москох дIахьочу форумехь, Москох, охан бутт 12, 2016
Russia -- Оьрсийн Финансийн Министр Антон Силуанов Москох дIахьочу форумехь, Москох, охан бутт 12, 2016

Оьрсийчоьнан финансийн министралла дIахьедина Оьрсийчоьнно Украинана декхар дIадала лерина тоьхна хан тIаьхьатеттина Украинан Iедална кхолладелчу хьолана ма-барра мах хадо хан ялархьама. Оьрсийчоьнан финансийн министра Силуанов Антона дешнаш даладо РИА Новостиша: “Оха керлачу Украинан Iедална Оьрсийчоьнна схьадала лерина декхаран хьокъехь тоьхна хан тIаьхьатеттина. Тхуна лаьа цара Оьрсийчоьнца шалхонаш йоцуш дийцарш дIадоладойла.” Силуанова тIетуьхира, Украино Оьрсийчоьнна долчу декхаран хьокъехь Лондонан лаккхарчу кхелехь хила деза ладогIарш тIаьхьатта дехар дина, аьлла. И тIаьхьататтар Украинерчу политикан хьал карзахе хиларна дехна Украино, дуьйцу Силуанова.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG