ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шарахь цкъа хьосту мотт хилла буьсуш лаьтта нохчийн мотт


Махкахь оршотдийнахь даздира Нохчийн меттан де лоькхучу иллешца, эшаршца, йоьшучу байташца, дечу хелхаршца.


Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ"!

Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь.

Нохчийн къоман иэсехь яха йисина Арсанукаев Шайхин 60-чу шерашкахь язъйина хIара «Ненан мотт» цIе йолу байт.

ХIетахь, юкъараллехь нохчийн мотт бийцар дихкина хиллехь а, тахана хIора а хецна маьрша ву, шен мотт бийца а, беза а. Амма хIетте а, кхин тоделла хьал дац хIинца а, ша оьшуш хилар бен де-дийне.

ХIетахь бийца дастам а хетта, дIатесна мотт, тахана а лела ша –шенна.

Дийнна шерачохь Ненан меттан де билгалдоккхучу дийнахь бен дезар деш а доцчу маттах дIахеда кегийрхой шо-шаре, бохуш, тIекъамаш хеза махкарчу маттана гIаролехь лаьттачу Iилманчашкара, яздархошкара. Маттах йолу марзо яйна лору цара.

Марзо яран бахьанаш кхетадо цара кеп-кепара. Масала, журналистна Дадаев Сайд-Хьасанна хетарехь, синкъерам чуьра ара, эвла юккъе баьккхина дела, чам байна ненан маттах. Чуьра арабаькхича, синкъерамехь хила дезаш долу гIиллакхаш кертара ара довлу, боху Дадаев Сайд-Хьасана.

Охан-бутт карабеъчхьана, махкахь тIетаьIIина дIахьо барамаш, хастам беш нохчийн меттан. ХIинццалц стенгахь бу а ца хуу, маса жаргIа арахецна шайна а ца хуу яздархой вовшахбетташ, цаьрца цхьанакхетарш дIахьо доьшийлашкахь хьехархоша.

Култури чу йогIучу хьукматашкахь синкъерамаш дIахьо, иллеш, эшарш лоькху.

Ткъа юй-те таро оцу бахьанашца-моттаргIанашца кхио, дебон къоман култура, литература, Iилма, оцу къоман шен гIиллакхаш-ламасташ, тIекхуьучу чкъорана марзбан мотт?

Нохчийчохь, пIелг санна, цхьаъ арадолчу газетан редакторан гIовсца Дадаев Сайд-Хьасанца хилира Маршо Радион маттах, тахана цуьнгахь латточу хьолах, цуьнан яккхий таронех къамел.

Дадаев: «ТIедаха дезачу Iалашонна букътоьхна вай, чолхаллашна юьхь дуьхьал дирзичхьана, дукха атта дIаяхалур йолуш ю уьш. Лерам цахиларо, хан йойъу вайн. Вайга ингалсан мотт а, Iаьрбойн мотт а Iамало, вай хIума карадоьрзуш ду атта. Вешан, вайн тIамарехь долу хIума, вайн дайша чудиллинарг вайна атта карадоьрзур ма ду.

Ас даим бохуш ду, мотт дIабаьллачул тIаьхьа цхаъ а шеко а йоцуш, гIиллакхаш довр ду, Iадаташ довр ду, бусулбачу динах херлур ду. ХIунда аьлча, доьзна ду и и массо а хIума а. Матто хьоьхуш ду дерриге а. Хаамийн гIирсийн карахь ду, мотт марзбаран гIуллакхна тIедерзор, вай дIмалдала йиш йолуш дац».

Дадаев Сайд-Хьасана мотт шорбарехь доккхаха дукъ хаамийн гIирсашна тIехь ларахь а, бу цуьнца резабоцурш а.

Iилманчашна хетарехь, нагахь санна мотт Конституци тIехь дIаяздина ма-дарра пачхьалкхан тIегIане баккхахь, халкъана мотт оьшур бу, лорур а бу.

Ткъа, мотт дIабарал а кхераме иэс дар лору, масала поэта Бисултанов Аптис.

Мотт луучунна Iамо дуккха а таронаш, некъаш го цунна, амма иэс дIадалахь, дерриг дов, эрна ду, элира цо.

Бисултанов: «Уггар хьалха, мотт бу къоман, шозлагIа цу къоман иэс ду, къоман гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а оцу иэсах доьзна хуьлу. Цул тIаьхьа мохк бу. Вайн халкъана уггаре а кхераме дерг, иэс дIадалар, иэс хийцадаларан кхерам го суна.

Массара а мотт буьйцу-кх, ткъа суна и дерриг сакхташ, кхераме хIумнаш, иэшамаш а го суна, амма оцу маттал а чIогIа кхерамехь вайн иэс го суна. Мотт, мухха а делахь а, бихкина бац, цхьана тIегIантIехь берашна Iамош а бу. Мотт бихкина бац, иэс ду дихкина, цкъачунна тоьллачу мостагIчо шена лууш доллу иэс ду схьакховдийна, шен хьадалчашкахула, шена оьшуш долу иэс.

Вайн цIахь харц Iилманчаша дерриг хуьйцуш беш болх а бу, арадуьйлуш жайнаш ду, язбеш белхаш бу. Телевизор, радио, газеташ делахь а, массо а хIумантIехь дIахьош и цхьа болх бу.

Цара дуьйццург бен ца гуш, хьалакхуьуьш дуккха а чкъоьрнаш а ду. Цундела, оцу тIехь, шен халкъ а, шен мохк а, шен са а, дозалла а, шен бакъо а, маршо а езаш, цуьнах дог дилина боцучу нохчаша массара а хIорамма а, хIуъа а дина а, оцу иэса тIехь болх бан безара аьлла хета суна».

Нохчийн мотт ларбе, бийца, беза бохуш баккхийчу хьаькамаша лергах мехий доху кеп лелайо кху цхьана дийнахь.

Ткъа хIун некъаш дехкина цара, и безийтархьама, бийцийтархьама?

Сила йолчу Нохчийчохь арадолуш «Даймохк» цхьа газеттий, «Орга», «СтелаIад» ши журналлий бен цахиларо а гойту хьал шийла дуйла.

Ткъа мел бу уьш доьшурш, царех пайда оьцурш, хаа таро ю муьлххачун а, Зорбанан цIийнерчу церан хIусамашкахь тIе ченаш а ехкина Iуьллучу журналийн, газетийн таппаш гича.

Iилманчаша Мациевс, Алироевс, Вагаповс арахецна тIаьххьара дошамаш.

Ткъа милла а тIетовжа таро а луш, дошам хилла лаьттина Мациев Ахьмадан дошам тоххара ханна тIаьхьайисина лара дезаш дуьсу.

Амма дац цкъачунна хууш маца кепатухур ю кху заманна лерина, юьззина лара тарлуш дошам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG