ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан векалтана хIумма а ца хаьа Туркойнчохь дIалаьцначу Махарби Исаевах лаьцна


Туркойнчоь
Туркойнчоь

Охан-беттан 24-чу дийнахь туркойн Milliyet газето Истамулехь къайлаха сервисаша Махарби Исаев дIалаьцна аьлла, хаамбира. Туркойн къайлаха сервисийн дешнашца, иза Туркойнчоьне цу махкахь беха нохчий байъа веана хиллера. Иза сецначу хьешан цIийнан чоьнна чохь 7.65 мл. тапча а, Iедало делла кехаташ а карийра.

Ткъа тахана, Оьрсийчоьнан инарла консуло Подъелышев Андрей дIахьедира и цIе йолчу стагах, я иза туркойн низамхоша дIалацаран хьокъехь шайга цхьамма а хаам ца бина, аьлла.“Тхоьгахь цхьанна а кепара хаам бац иза дIалацаран хьокъехь. Исаев цIе тIехь йолуш цхьа а официалан кехат тхуна гина дац,” –даладо цуьнан дешнаш Тасс агенство.

Билгалдаккха деза, низамхойн хаамашца, 1989 шарахь вина Исаев Махарби, лерина операци дIахьочу хенахь лаьцна вара 2012-чу шарахь, гезгамашин-беттан берхIитталгIачу дийнахь. Низамхойн дешнашца, цуьнан тоьшаллаша Гакаев Муслиман тIемлой болу меттиг каро аьтто бира. 2012 шеран гезгамашин-бутт дуьйна, Муслим Гакаевах кхин хаамаш бацара. Цкъачунна, иза туркойн къайлаха сервиша дIалацаран хьокъехь, я цуьнан гергарчу наха а, я туркойн низамхоша а ца йина цхьа тайпа комментареш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG