ТIекхочийла долу линкаш

Шекспир Вилъям. ХIамлетан монолог (Гочдархо Хатаев Хьусейн)


Совет Пачхьалкх -- Высоцки Владимир "Гамлетан рол" ловзош Taганкерчу Театрехь, гIуран-беттан 20-гIа де, 1971

Совет Пачхьалкх -- Высоцки Владимир "Гамлетан рол" ловзош Taганкерчу Театрехь, гIуран-беттан 20-гIа де, 1971

Шекспир Вилъям. ХIамлетан монолог. Акт 3, исцен.I

Хила я ца хила? И ма ду хаттар.

ДогIий-те баланаш тIелаьцна ваха

Я догIу, хIорд эшош бохамийн, баха

Уьш летта кочара, цахиларх атта?

Уьйр хадо. Вала. Вицвала бохуш

ТIаьххьара и деган лазамаш билггал,

Ва дегIан эшамаш цхьа эзар хиллал.

И яц, тов, сатесна Iалашо? Вала?

Гуш гIенаш виса? Жоп дала хала.

ХIу доьхьал тосур-те, синхаам боцуш,

Iожаллин гIан схьагуш, чам лаьттан белла?

Ткъа ц обо и къастам. Оьмар йо еха.

Вай ловчу талорийн, хан царна елла.

Хьа ловра биллина цатамаш хьолан,

Харцонаш гIеланчийн, коIанан дола,

Iовжавар безам шен ца лаьрра меха,

Таьжгенаш кхелхонан, хьаькамийн сеттарш,

Яхь йоцчу нехан цхьа вуо бага еттарш,

Кхачалуш хилча-кха дерриг а вайга

Шаьлтанца! Хьа, ала, текхора гIийла

Дахаран мохь, къарш деш, халонца хийла,

И къайле Iожаллин ца хилча гIайгIа,

Кхерам а цу мехкан,юха вар доцу?

Цу тайпа шеконаш вайн лаг ма лоцу,

ТIедерзош, девзашдерг хоьтуьйтуш дика,

Ца магош цадевзарг кхи леха тига!

Иштта вай кIиллой до ойлано мацца,

Доьналла маргIаллуш, шех зезаг хилла,

Вайн хьекъал къарделла, кхетамах тилла,

Иштта дов дагахь дерш нуьцкъала цхьацца,

Юьхьанца кхиамаш хьехийнарш тоьлла,

ДIатоьттуш кхочушда дуола ца доьлла.

Тоьур ду! Офели! Сан нимфа тайна!

Далхаде сан къинош доIа деш айхьа!

Хатаев Хьусейн вина 1958-чу шарахь. Иза нохчийн байтанча а, гочдархо а ву. Цо чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет.

XS
SM
MD
LG