ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернобылерчу бохаман 30 шо


Тахана Чернобылехь бохам хилла ткъе итт шо кхаьчна. Зарратан реакторехь хиллачу эккхийтаро гIишлон тхов хIаллакбеш, радиоктиве дIаьвше мархаш стигал мел ю дIасаяьржира. Цул тIаьхьа, и дIаьвше мархаш Оьрсийчоьне, Беларуссе а, Къилба Европе а кхечира. И бохам бахьанехь шайн хIусамаш дIа а тесна, кхечу гIала баха охьаховша безначарех дуккхаберш Iедало Славутич гIалахь дIатарбина.

Тахана цу гIалахь дIахьош бу бохам бахьанехь белларш дагалацаран барамаш. Украинан президент Порошенко Пётр ву тахана цу гIала ван лерина цу барамашкахь дакъалаца. Киевера коьрта килс а ю бохам бахьнехь белларш дагалоцу барамаш дIахьош.

Радиацин тIегIа хIинца а лекха ю Чернобылехь а, цунна гонах а. Ялх шо гергга хан ю реакторана тIехула онда тхов беш. Цуьнан Iалашо ши бIе гергга тон реакторан чохь дуьсу уран Iаламана кхераме ца хуьлийта кепара дIакъовлар ю.

XS
SM
MD
LG