ТIекхочийла долу линкаш

Европин масех пачхьалкхехула ша чекхволуш цкъа хьалха Британе вахара Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак.

Кху муьрехь Евробартана юккъера Британи араяларх йолу референдум кечйеш йолчу Лондонехь Обамин къамелан коьрта кхайкхам нийса бIостанехьа берг бара – британхошка нуьцкъалчу, цхьаааллечу Европин дакъа кхин дIа а хилар, Евробертера ара ца бовлар.

Лерина цу хьокъехь цу махкарчу Телеграф газетина ша язйинчу артиклехь Обама Барака билгалдаьккхира, харжам бан безаш дерг а, харжам бан хьакъ дерг а британхойн халкъ делахь а, амма Евроберта юккъех Британи йисаро цу халкъана а, ткъа иштта йоллучу Малхбузенна а алсам пайда бийр хилар. Обамина хетарехь, Евроберто Британи кхин а тIеIаткъаме а, нуькъалох а йо.

„Нуьцкъале Европа Британин глобалечу тоьллачу ролана новкъарло еш яц, я цунна кхерам бохьуш а яц. Цхьаьнатоьхначу Штаташна го, шун мехалчу озо Европина дуьненчохь нуьцкъала позици Iалашйеш, Евробарт кхин дIа а схьаеллаелла латтош, кхечу пачхьалкхашца цуьнан уьйраш чIагIйалар цуо Iалашдеш.

Кху чолхечу, массо а хIума вовшашца доьзна а, ийна а долчу дуьненчохь массо а пачхьалкхаш а ю миграцин а, экономикан халонийн а, терроризман кхераман а, Iалам хийцадаларан а проблемашца Iитталуш. Британина дуккха а пайданаш хилла ша Евробертана юккъхь хиларх, цуо британхошна дуккхаъ а керла аьттонаш а бина“, - аьлла яздинера Обама Баракъа.

Цкъачунна ала хала ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан кхайкхам британхоша тIеоьцур бу я бац бохург. Х Iунда аьлча тIаьхьарчу шина шарчохь Кэмерон Девид коьртехь волчу урхалло а, цхьайолчу политикан партеша а вуно жигара болх бира британхошна Евробартана юккъера шайн пачхьалкхе араяла догIу бохург марздерш.

Кхин йолчу Евробертан пачхьалкхащшна а, Брюсселана а шаьш цу бартах дIакъаста дохку боху кхерамаш а туьйсуш, шайн пачхьалкхана дуккха а, кхечу пачхьалкхийн оцу бакъонаш яха каделира Лондонан.

ХIинца, и таронаш а, аьттонаш а шайна Брюссело яла гергакхаьччачул тIаьхьа, ша хIинцалца лелийначу нийса бIостанехьара чоьхьара политика йолийна Кемерона, - британхой Евроберта юккъехь биса безар царна кхетош, - бохуш дийцира Маршо радионе политолого Асхабов Хьамзата.

Асхабов: „ХIинца Обама кхуза веана волуш, цуо лачкъа а ца деш хаийтира британхошна, уьш Евробертана юккъехь хилча Iамеркана а Британица партнералла лелон атта ду, аьлла, Британига цуо кхайкхам а бира цу юккъехь сацахьара, аьлла. Амма референдуман жамIаш муха хир ду хууш дац. Iедал кхоьруш-м ду адамаша шена товчу агIор кхаж ца тассарх“.

Цу юкъана шен Европехула тIаьхьарлера официала турне еш волчу Iамеркан президенто Обама Баракъа Германехь социйла йира. ХIанновер гIалахь немцойн канцлерца Меркел Ангелица а, урхаллин декъашхошца а цхьаьнакхийтира иза. Оршот дийнахь ша журналисташна хьалха динчу къамелехь Обамас цхьа могIа вайназаманахьлерчу яккхийчу проблемех лаьцна дийцира.

Иштта цо хьахийра Оьрсийчоьнна дуьхьал Малхьбухено яьхна йолу санкцеш а. И санкцеш юхаяъха ъIинца а хьалхе ду элира цуо, хIунда аьчла Оьрсийчоьно Миснкерчу бартаца шена тIеэйна долу декхарш хIинца кхочуш дина ца хиларна. „Малхбузенан пачхьалкхаша кхин дIа а яхьа еза шаьш юхьаралаьцна йолу Оьрсийчоьнна дуьхьал экономикан санкцеш лелоран политика.

Иза цара Москохано кхоччучу барамехь Миснкера барт кхочушбаллалца дан а деза“, - элиар Обамас ХIанноверехь. Цуо иштта билгалдаьккхира, Оьрсийчоьно Украинин суверенитет хьешна хилар а, цу пачхьалкхан куьйгалло юхьаралаьцнарг кхечарна кхерамаш тийсаран политика хилар а.

„Бакъболу ницкъ кхечарна кхерам тийсарехь бац, кхечаьрца цхьаьна болхбарехь бу“,- элира Обамас, ша хьалха санна хIинца а Оьрсийчоьнца дика юкъаметтигаш лелорна тIера а ву, и юкъаметтигаш дика хилийта гIерташ ша дуккхаъ къа а хьегна аьлла тIе а тухуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG