ТIекхочийла долу линкаш

Эшаман мохь. Бексултанов Муса.

Гуьйре. Iаржлуш ю. Дитташ сингаттаме, дерзина лаьтта, хьан коьрте цхьа геннара, маццах шелбелла дагалецамаш гIайгIанца карлабохуш – я тIе а чIагIбеш, я ца хилларш кхуллуш.

Буьйса цIеххьана юлу. Хьо ца кхуьу суьйренах кхета, цуьнан амат сацон, цунах Iаба. Хьо тIаьхьавуьсу.

Юьрта йисттехь лаьттачу доккхачу цIа чохь хьуо цхьаъ ву хьо. ЦIа геннахь, къаьсттина лаьтта. Корехула дIахьаьжча ерриг юрт а го кхузара. Юрт хаза ю, гуобаьккхина сийна бай а болуш. Бай тIехь дежаш жа а, даьхни а хуьлу. Иза дийнахь хуьлу. Ткъа хIинца – буьйса.

Тийналла. Тийналлин цхьанаэшшара еза гIовгIа. Хьо хьуо цхьаъ. Хьоьца дерриг а дуьне. Кхин хIумма а. ХIан-хIа, дерриг а ду, дерриг а!

Массо а хIума, хIора кIезгалла, муьлхха а мискъалазаррат гIерта хьан коьрта чу. ТIаккха цхьа кIеззигчу ханна хьуо дуьненан массо а балин, синкъераман, таIзаран меттамотт, церан хиларан бахьна долу сурт хIоттадо ахь, хьайна и ерриг а хало, чолхалла йовзийта, хан схьалаца я сацон. Хан? Юьхь а, чаккхе а йоцу дуьненан абаде.

Дуьне? Кхетамо схьалоцу кIен буьрттигал хIума я хIумма а йоцург. Цхьа масех къам дагардича чекхдолу латта. Цу тIехь деха кIайн, Iаьржий, цIен, можий адамаш, леш, кхоллалуш, юха а леш дахарехь. Лехамаш цхьаъ болчу дуьненан синойн шайн-шайн мотт, шайн деза хIума, шайн синкъерам, гIенаш а шайн.

Дахар? Кхолламо хIилланца латтон зIе, стей, боьрший, хазий, ирчий – бен-бен синош а хецна лаьтта тIехула, адам гIорасиз деш шен кхолладаларца, къандаларца, дахарца…

Дуьне а доьрзу кхечу тайпана. «Дахарехь уггар а хала дахар ду», – ойла хуьлу хьан тIаккха.

Ойла?

Адамна деллачу совгIатех цхьаъ, эла а, лай а; ирсе а, декъаза а валуш шех.

Ирсе валуш?

Кхетам боцург ву боху массара а ирсе, цунна хIумма а ца хаьа дела, цунна лаамийн доза ца девза дела.

Кхетамо бен ма ца ло ткъа безам, хаар, эшам. ХIаъ, эшам – ирсан корта. Эшамехь ма ду шен ирс. Эшамо бен стаг толор вац. Сица тоьлларг ву абадехь декъала, шен ло санна кIайчу сица. Эшамо чIагIво хьо, хьуо вовзуьйту, хьайн декхарх а кхиаво. Эшамаш карлабийларца лаьтта дахаран зIе. Хьайн эшамо бен толор вац хьо хьайл а.

Цхьа ирс шинна ца хуьлу дуьненчохь. Шен-шен бу цунах кхетам. Цхьа стаг а ма вац вукхунах тера. ХIораннан а шен-шен кхоллавалар, эшам а – шен.

Цхьаволчунна ирсе – вузарх там хуьлург, я шен хаарех тоам бийриг. Ткъа хаарш, ша-шен вовзар, цIанвалар, кхиар кхачалуш ма дац цкъа а. Абаде тоьар яц цхьа стаг кхиа. Цхьа стаг мелла а кхиарехь бIе стаг вов, цхьа бIешо а долу дIа.

Дахар ца соцу. Iожалла ца евза цунна.

Iожалла? Дуьненчохь уггар а гергара буьйса ю Iожална. Хьо Iожалний, буьйсанний юккъехь ву хIинца. Я цуьнан йийсар.

Иза ша хуьлу, цхьанна йогIий. Юкъара ца хуьлу. Цунах иза дIатоьтту, бакъ ца хеташ, тховса ахь санна. Нагахь иза ахь хьайна тIеоьзча, дерриг а эрна хуьлу. Ахь къуьйсу цуьнца хьайн хиларехь, вахарехь, гIиллакхашца. (Гомер, Толстой, хьан ворхIе а да). Философашна тIекхочу хьо. Цара хьо дIавуьгу. Хьо теша царах, цец а вуьйлуш. ТIаккха дIахьаьжча, хьо кхин а юькъачу хьуьнхахь хуьлу, вухавала некъ а боцуш. Схьагушдерг бен хIумма а дац хьуна, боху цара, дуьне хьан бIаьрсица ду, пена тIехьа – есалла. Оха кхоьллинчух теша, тхан цхьана дашах, тхан кхайкхамех, хьайн ораман зIено схьакхехьнарг – дIакхосса.

Кхуллушехь хаттарца кхоьллина долу адам, кхин жоп ца хезаш дIа а дер долу! Гуттарлера кхана, цкъа таханенга ца доьрзу.

Ахбаьллачохь дIахеда некъ, хIоранна а шен бен ца хеда а моьттуш.

ХIинций-хIинций боххушехь, тIекхочу буьйса, кхин ца дан дIадахначу таханлерчу денна. Цул тIаьхьа – кхана. Юха а – кхана. Гуттар а – кхана, тахана – цкъа а. ХIан-хIа, цхьаъ – Iожалла, кхана боххушехь тахана йогIург.

Хьо араволу. Чохь Iен ца лой волу хьо ара. Еккъа цIена цхьа буьйса. Цхьа къайле, кхерам, я хIумма а доцург хоьтуьйту буьйса!

Ваха мел хала делахь а, дуьненан хазаллин, цуьнан йистъяцаран ницкъ массо а вонел, халонел алсам хета хьуна, дикка тидамца гондIа хьаьжча. Дуьненца, буьйсанца, уллохь стаг а воцуш, хьуо цхьа висча, шаьш (дуьней, хьой) вовшех кхеташ санна хетало. Хета, оцу дуьнено хьан ойланашка сема ладугIуш, хьайн узарш, сингаттам, бала дуьнено нийсса ах дIаоьцуш санна. Латта а, стигал а; бутт а, седарчий а; бода а, серло а – массо а хIума хьан тидам беш хуьлу, церан тидам беш – хьо. Хьой, дуьней – цхьа юкъара къайле, цкъа а бухе кхуьур воцу абаден хаттар. Я хIиллане ловзар, хьуна боьгIна гур.

Хьо адаман кхетамал мелла а лакхахь караво хьуна хIинца. Хьайна цхьанхьара нуьцкъала аз хезар долуш санна хета. Хета, охьалур долуш санна жоьпан сибат.

Ахь цхьана къайлене сатуьйсу. Амма хьуна хIумма а ца хеза, хIумма а ца охьало. Хьуна го. ХIаъ, го, дерриг а цхьа цIена го, хьуо а, хьайн ойланаш а хIумма а йоцийла хууш кху дуьненна.

Юха оцу цIена гаро инзарвоккху хьо.

ТIаккха хьо кхерало.

Къайле дIайов.

Ткъа хьуна ца лаьа цунах теша, хьуна вала ца лаьа. Хьуна тешам беза, цхьа бакъ. Хьо цара ца тешаво. Иштта а, вуьшта а ду, боху цара, хьайна луъург къастаде. Хьуна ишта деза, цIенна цхьа хIума, ша цхьаъ, вуьшта а доцуш цхьаьна.

Иза хьуна ца карадо. Хьуна гуш ерг – юьхь.

ТIаккха хьан философех болу тешам бов. «Церан Iилма ца Iамийнарг бен царах кхетар вац, – ойла хуьлу хьан. – Уьш ца бовзар – иза ду дарба. Шайна а хIун ду ца хуучух хьо кхето гIерта, шайн шовкъашка хьаьжжина».

Гуттар а жоп лоьхучу ахь хIун дан деза тIаккха! Велча борза тIехь зезагца гIоттур ву аьлла, вала веза хьо? Хьуна ца лаьа иштта вала. Ахь кхидIа а лоьху, айхьа цхьамма. Цхьанна а сецначу чIагIонна тIе Iилманчаша ца валийна волу хьо, дерриг а эрна ду аьлла, вала ца ло. Эрна доцийла теша хьо. Цхьа а къайле йоцуш дуьне хилча, хьо хIунда вац, бежана санна, Iожалла ца евзаш? Хьуна стенна оьшу кхетам, я хьуна иза хIунда белла, дахаран чаккхе евзаш болу бала хьега?

Дуьне хIора стагана а шен-шенна духу. Хьан дуьне ца духу бIаьргаш тIекъевлича, хьан дуьне дахарехь дуьсу, хьан ойланашкахь.

Iожалла а хуьлу тайп-тайпана. Хьо ца ле цу Iожалца. Хьо веллачул тIаьхьа а цхьанхьа веха. Хьан са ду даха дезарг, хьан ойланаш, хьан къа. ДегI даларца стаг леш хилча хета хьуна дуьне эрна.

Хьуна ца лаьа зезагах а тешна вала, цу тIе полла а хиъна, цо дахар кхин а дIа дахдийр ду бохучух.

Цхьа сатийсам я цхьа лехам ца хилча, хала ду дахар, ла ца даллал хала. Дахаро хьайх масех тешам ло хьуна. Юха берриш а ша дIа а боху, эшамашца. Хьуна бен а ца хета иза. Ахь ца лоьру кIезгаллаш. Куьг а тосий, дуьту. Кхечо схьаоьцу, цхьана денна вехачо. Хьан гIалатах цуьнан ламин киртиг хуьлу. «Хьан дог ма дарра ву хьан дела а», – боху философа. «Хьайн дика амалш кIоргге хьулъе, хьайн вочарал а», – боху цо юха. ХIунда? Цкъа а гал ца вала, хьайна оьшург схьалаца, дахарна Iама! ХIан-хIа, хьо галвала, къийса хьайца, тIаккха кхета дерригенах а хьуо.

Хьекъал дерг ву боху ирсе. Иза цкъа а юьхьIаьржа ца хIоьттина, нах ца белийна шех. Цо шен хьекъале хьаьжжина кхоллаболуьйту шен лаам. Мичхьа ду тIаккха цуьнан ирс, лаамашна доза тоьхна хилар гучудаьлча, шен боцу ницкъ хиъча?

Шен хьекъалехь ду? Кхетам болу дела ма го цунна шен ойла, сатийсам гIорасиз хилар. Цунах лаамаш а хьелашка хьаьжжина хуьлуьйту. Хьан? Цо. Ткъа ирс стенга доьду?

ХIан-хIа, массо а хIуманна тIехь ца хуьлу иза ирсе. Цхьана хIуманна тIехь хуьлу, кIеззигчу хIуманна тIехь, кIеззигчу ханна. Иза хир ду-кх цуьнан ирс, кхийс-кхийсалуш лелаш долу, тахана, кхана, лама бохуш, дах а ца луш цкъа а.

Адаман хьашташ цхьана хIуманна тIехь сецна ца хуьлу. Дахар санна, бен-бен, йист йоцуш ду хьашташ а, тховса хьан коьрта чу хьийза ойланаш санна.

Цунах – ирс доца.

ХIетте а гIалаташ девзинарг бен ирсе хила йиш яц. Цо бен ца довзуьйту дуьне а. Вожа, гIатта, юха а вожа, кхин цкъа а гIаттархьама!

ТIаккха бен кхетар вац хьо, бакъ цхьаъ бен доцийла – иэхьан бакъ. Наха дийцарх ца кхочу цу тIе, я теша а ца теша. Айххьа лаха деза, гIалаташна юккъехула. ТIаккха кхочу хьо безамна тIе, хьайн гуттарлерчу лехамна.

Адам ша кхоьллинчу юьххьехь къинхетаме а, дика а хуьлийла хаьа хьуна. Цул тIаьхьа иза дахаро зуьй. Аьтто хилларг атта веха, массо хIума а хууш: сахуьлийла а, садойла а, дика хила гIертар Iовдалалла юй а. Хьо халла кхочу цу хIумнашна тIе, валале кхочу. Хьуна Iовдалалла ца хета дика хила гIертар. Хьанна дика хила? И къастам го хьуна хIинцца. Хьуна дерриг а хиъча, дерриг а тIаьхьа хуьлу.

ХIетте а хьоьца тешам буьсу безамах, иэхьах, цхьана доккхачу декхарх. Хьо теша веза диканах, мел хала делахь а теша. Хьо тIехула ма хила. ТIаккха бен ца кховдало кхечуьнга мохь, хIинццалц айхьа гехь лелийна болу декхаран мохь.

Стаг дукхахверг шен дагалецамашкахь веха, шен гIенашкахь я лехамашкахь.

Ткъа хьан лехам – къонах хилар, хьайн кхетамехь волу къонах. Хьайн сибатца бен вахалур вац хьо вуьззина. Идарх а, хьадарх а гIуллакх ца хуьлу. Кхолламо мухIар туху хIора а стагана, лаахь а, ца лаахь а цхьанхьа гучудолуш долу, я кхетаман кIорггехь дехаш долу синан гIайгIанца. Тешамца дуьненчу ваьлла волу хьо, тешамца вала а ле. Дуьне а ма дац хьан кхетамехь цхьана къонахчун меха. Къонах хила Iалашо хIоттийначо лов дахаран вон а, дика а цхьабосса, дикане Iеха а ца войтуш, вонна кIел а ца вуьсуш. Къонахчун хIума дIадиллина ца хуьлу, шеца хуьлу, карахь, эшначунна дIакховдош. Шен аьттоне хьожжий ца до цо дика, шегара гIо оьшучун гIайгIане хьожжий до. Цо хеттарш ца до шега, шеконашка ца дохку, цо жоп ло, иэхьан жоп.

Юха хьо леш: «Со хила-м гIиртира», – хьан ала делахь, ахь массо а хаттар дIанисдина ма торру.

Хьан бакъо а ю тIаккха мохь дIакховдо, айхьа гор-бертал а ветталуш, эшамашна юккъехула схьакхехьна болу къонахчун декхаран мохь. Хьан дахаран эшамийн мохь, ахьа кошан бертте схьакхачийна болу. Хьан жоьпаш, хьан къинош, хьан шеконаш.

Ма хилийтахь дIакховдо стаг, Iиллийтахь циггахь бIе шарахь. Эзар шо даьлча вер ву цхьаъ, цу махьна кхоьллинарг. Цуьнан бен и мохь схьаэца бакъо а яц. Цо бен кхачор бац иза юха шен кошан бертте. Цул тIаьхьа – кхечо. Маца? Иза башха а дац. Цкъа мацца а хилчхьана. Мацца а цкъа.

ЭхI, хIара хIун ду? ДогIа. ХIаъ, буьйсанан догIа. ДIога, стигал кхачалуччохь го баьццара-мокха анайист. Ткъес а хезаш, мархашлахь саьрмиках кхийсало серлонаш. Даккхийчу тIадмашца, «дап-дип-дап» хезаш, оьгу мелчу догIанан деза буьртигаш. Хьоькху мела мох. Iоьху нIаьнеш. ГIийлла, йоцца терса говр.

Дахар. Дахар ду-кх самадолуш, хьан шеконаш йицъеш, кечвеш дахарна, къийсамна. Кечвеш кхин цкъа а эшамна.

1980 ш.

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG