ТIекхочийла долу линкаш


КХАНА

Са ма хилли гIаьттина,

КIанта нене хаьттина:

«Нана, ва нана!

ХIинца дуй кхана?»

«Дац, – аьлла,

Жоп делла нанас,

–ХIинца вайна тахана ду».

Муст а велла,

КIанта аьлла:

«Селхана а,

Мама, дара хьан тахана…»

«Делахь, иза,

–Аьлла нанас,

–Селхханехь дIадахана.

Оцул тIаьхьа

Цхьа буьйса аЯхана»

.БIаьргаш тухий,

КIанта кIеззиг

Ойлайо.

ТIаккха нене

Хаттар до:

«Кхана маца хир ду, ткъа?»

«Цкъа тахана дIадаьлча,

ТIаккха буьйса а яьлча».

«Делахь,

ХIинца ду-кх и кхана!»

«Кхана хуьлуТаханах?»

«Хьан тахана,

–Олу кIанта,

–Селхханехь дIадахана.

Оцул тIаьхьа

Цхьа буьйса а яхана…

Кампет схьалой яла хьо!»

Мохьмад-Салахь Гадаев вина ГIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь. 1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтовн а, Толстойн а, Пушкинан а, Некрасовн а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши киншка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.

1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистийн тобанан декъашхо хиларна а бехке а вой, пхийтта шарана набахти чувуллу. 1957-чу шарахь иза набахти чуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а лоцу, нохчийн къам сийсаздина, яздорхо вийна, аьлла, бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина таIзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.

1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. 1972-чу шеран ГIуран-баттахь Мохьмад-Салахь кхелха.

XS
SM
MD
LG