ТIекхочийла долу линкаш

ДОГДОЦУРГ

Карахь аьчка шада а долуш, кертара араиккхира Салман. Коьрта Iуьйра. Цхьалхха кучаца. Туьйдинчу мачашца. Ара аиккхина, урамехула дIаведира. Шен гIоре-гIоддах. Мачаш а охьаийгира. Цкъа цхьаъ, тIаккха важа а южуш. Амма Салман мачийн терго ечохь вацара: Асланбекан цIенойх цIе яьлла бохучу орцанна хьаьдда вара и.

Гена ваха везаш а вара – эвлан йисттера дIа эвлан юккъе. И орца шена ма-хеззи, ара иккхина вара Салман. ХIетахь ша хиллачу суьр­тахь. Шена хьалха нисбеллачу гIирсах ка а тухуш. Ша-шега деш къамел а дара: «Цхьа дика вахар тоделла воллура и. Шен дайша а ца бина бахам дIахIоттийна. Леккха йиначу тIулгийн ларда тIехь ханнийн цIенош динера. Мохкбегийча ца талхийта динера уьш ханнех, яккхий харжаш а еш. Хаза дIахIоьттина, башха товш гIишло яра. Цунах яьлла хир ю и цIе. Дукха йийбар а ю, бохура, чохь. Кхоам бу». Иштта ваданза дукха зама яларна делахь а, къанваларна делахь а, бIагор хьийзара. «Охьа ма кхетахьара», – бохург а лелхара дага. ХIетте а болар ца лагIдора. Шегара гIо хир долуш санна хеташ, сихха дIакхача лаьара. Кегий бераш а дарадагахь.ТIуканеш санна, горга, цхьа нисделла а дара. Дерриш а божабераш. ТIех мосазза волу а гуш хуьлура уьш. УьйтIах ьловзуш. «БIаьрг ма хила шу берашна а, хьо бахамна а», – бохуш лелара…Ког лазийра Салманан. Юьхьар кхетта. ЧIогIа а лазош. Довха зуз хьаьдира озачу дегIе. Охьа бIаьрг тоьхча, цIий а гира пIелгаш тIехь. Амма болар ца дохийра тIаккха а. Цу сохьта цуьнан дагахь верг ша вацара. Асланбек а, цуьнан доьзал а, цуьнан бахам а бара. «Цхьаболчара-м цхьацца ала а, дера, олура цунна, – бохура Салманан даго. – Хозмаг юуш ву. Дог вон долуш ву. Кхин, кхин а. Вуьшта, суна хааделла хIума дацара, мелла-вехна а ца гора. Юьртан а, нехан а вонехь-диканехь а вара. Гуттара велавелла-векхавелла, кIеда-мерза, гIиллакхе-оьзда гуш вара.

Суна и тоьаш ду стагера. Ткъа вахалуш хилар а, юьхьар­лаьцна болх дIакхехьалуш хилар а – иза стогалла хета суна стеган». Дагаран хьожа кхийтира Салманна. Кхин а чехкадаьккхира цо болар. Шен ойланаш а еш:«Бакъду, верстина воьдушву Асланбек. Эрчаваьлла. Кертахь мел верг ву иштта. Дуьйхина кечвелла ву массо а. Дукха механ гIирсаш, кхиерш ю. Дукха нах бу, хьанал белхаш а беш, амма и хьелаш а доцуш…Хьанна хаьа? Ца гуш дерг – ца гуш ду». ДIакхечира Салман. Дукха адам дара гулделла. ЦIенош даьгнера. Дисинчу пенийн аьхкех хиш детташ хьийзаш нахбара. Кегий бераш бен, цIахь стагга а воцуш яьлла хиллера цIе, муха яьлла а ца хаьа, берийн ловзарех шек белахь а. Чохь мел долу хIума а даьгна. Иза-м хIета а хIун дара, ши кIант а ваьгна. Церан нана а яьгна. Ша цIа ма-кхоччура, ши кIант чохь висар а хиъна, чуиккхина хиллера миска. Оццу минотехь тхевнаш тIе­кхеттера. И кхо дакъа дара уьйтIа охьадиллина. КIожамаш а хилла. Цара дог Iовжийра Салманан. Кхидерг дерриг дицдинера цу ирчачу суьрто. Туьканахь ма-хиллара, шен халат а тIехь, Асланбек. – Воха ма вохалахь. Дог ма дохийталахь. Ша мал ца далийтичахьа­на, мел доккха вон ловш хIума ю, хьуна, хIара адаман дог. Цхьа башха лерина а хьожуш, цхьа тамашийна оьгIазе Салмане хьаьжира Асланбек. ТIаккха иштта оьгIазе бIаьрг нахе а кхарстийра. Вист а ца хуьлуш. Воьхна висираСалман: «Меттахь доцуш хилла те ас аьлларг? КIоршаме хили те? Я дукха дагах кхеташ хили те?» И ойланаш еш Салман воллучу хенахь, кхуьнгахьа букъ а тоьхна, цIе яйа гIерташ бохкучаьрга мохь туьйхира:– ХIай! Йитал хIинца и пенаш! Яга йитал! ТIаккха, Салманехьа схьа а вирзина, амма хIара тергал аца веш, массаьрга а хьоьжуш, дера вистхилира:– ХIара-м дош, дера, ца хетара суна. Хеттане а! Вуьшта, кхунах нахана хилла там… И новкъа бу-кх! Бакъду, бахамбацара и. ХIумма а гена бер бацара. ЦIенош-м кхин гур дара нахана кхузахь.

Догу доццурш! Амма цкъа кху сохьта…Нехан луур даьлла. Нахана синкъерам хилла. И ду новкъа ­дерг. Кхин хIумма а дац! Иза а аьлла, чехкка волавелла, хьуьлла божалш долчу хьадIавахара Асланбек.Ткъа Салман, Iадийча санна, лаьттара. Цу ирчачу къамело вохийна. ХIун эр ду ца хууш, висинера. «Хилларг дош ца хета,тов! – бохура дагахь. – Даьгна Iохкуш адамаш а долуш! Кхул доккха хIун хир ду? Мел ойла йича а? ХIара-м ирча сурт ма ду. БIаьргана ган хьовха, дуьйцуш хаза а! Там, синкъерам хуьлу, ткъа, кхунах? дера хир бац, кийрахь адаман дог долчунна-м. Нахана кхунах синкъерам хилла моьттуш волчу Асланбекан кийрахь адаман дог а ма дац…» Кех ара а ваьлла, цIехьа воьдуш карийра Салманна ша. «Тезета а ца хIуттуш…» – тесира дага. Амма тезете кхаьчна дацара гIуллакх. Шен верзина хилар дага а деара. ХIинцца дIакхетча санна, ког а лазабелира. ЦIийша а, чевнаша а буьзнера ког, цхьана пIелган мIара дIа а яьлла. Бистина а бара, эккха санна. ЧIогIа астагI а лелхаш, гIожан меттана шада а гIертош, цIехьа охьаволавелира Салман. Шен ойланаш еш:«Ой! ХIай! И хIун къамел дара?.. Нехан луур. Нахана там. Нахана синкъерам! ЦIенош кхин гур ду нахана!.. Ой, ткъа, цIенош хьехош хуьлу, тIаккха, даьгна Iохкуш адамаш а долуш?! Iаьржа кIоржамаш хилла, Iохкучу декъашна тIе а хIоьттина:«ХIара-м дош, дера, ца хетара суна», – бохург хIун ду? «Хеттане а» бохург тIе а детташ?! Шена хуьлуш дерг хIун ду а ца хууш, аганахь маьхьарца даьгна бер! Шега «вада» баьхча а цаводуш, цу шен вешина гIо дан гIерташ, цунна гонах хьийзаш, ваьгна важа. Диъ шо дерг! Ши кIант иштта чохь висар а хиъна, цIерга иккхина нана! Цул доккха вон мичхьа ду? Цу даккхийчу хIуманийн ойла йича, логе шад ма хIутту. Дуьйцуш хезча а, велххал ирча хIуманашма ду уьш-м. Ярташкара ярташка дуьйлуш, хенашкара хенашка дуьйлуш, нехан дегнашкахь деха дерш ма ду. Хийла бIаьрг хица а башош… Там хуьлу, ткъа, цунах? Синкъерамхьехабо цуьнца?»

ЧIогIа холчахIоьттинера Салман. ХIинцца шена бIаьрга дайнарг, хIинцца шен лергана хезнарг лан ца даллал дазделла вара.«ХIан, – бохура цо дагахь. – Ши кIант-м кхуьнан шен ву. Велча, дош хета а, ца хета а. Ткъа цаьршиннан нана ма ю цхьана хийрачу нехан стаг. Цуьнан да, нана, вежарий, йижарий лаьтта уллехь. ЦIерга гIиртина, бедарш а, ях­хьаш а мерцина. Царах эхь хета ма деза ткъа, беллачех къа ца хет­ча а. Иштта, бедар яьгна, ког-куьг дагийна кхин а бу. Беллачех лозучу дегнаша шайн лазарш а дицдина, хьийзаш. Массо а ву, хиллачо Iовжийна, къурдаш деш лаьтташ. Цаьрга бетташ бу хIинца и дера мохь: шуна синкъерам хилла, амма ас генаболуьйтур бац шуна иза, цIенош дийр ду! Шуна хIуьттаренна! Ваша ватIа хьо къамелан!Адам дац Асланбек. Адам хилла дацара и. Нийса олуш хиллера цунна олуш дерг. Воне-дикане хIуьттуш, нахана къежаш, цуьнан лелар моттаргIа хиллера. Нахана хIуьт­таренна дина хиллера цо и хьалхалера цIенош а. Цо дIа мел боккху ког а хилла нахана хIуьттаренна. Шен бахам боцург, кхин хIумма гуш цахилла…ЖIаьлина! Даьгна кIор­жамаш хилла Iохкуш долу шен бераш а ца го цунна-м. ЖIаьла аьлла а вуьтийла дац и…» Циггахь, Асланбекана ала жIаьлел а вониг лехначохь,Салманна хааделира шен дог дарлуш доьдуш хилар. Ткъа дарделлачу даго хьекъал эшадойла хууш а вара и. Цундела Асланбек вицван гIоьртира Салман. Шен лозуш болчу когебIаьрг а бетташ.Важа-м вицвала ца туьгура. Цкъа, дикка жима волуш,эвлан йистерачу коьллашкахь барзана тIеIоттавелира хIара. Цахууш. Эса дууш йоллуш хиллера борз. Ерриг муцIар цIийша а юьзна. Оцу берзан суьртахь дуьхьалхIуьттура кхун­на Асланбек. Баьгначеран кIоржамашна юккъехула.«Ванах, хIай, – бохура дагахь, – хIара бахамашна чухахкабелларш берриш бу те иштта… дегнаш доцуш?» Шен эгначу мачашна тIекхечира Салман. Кех воллушехь эгна хиллера. Уьш схьа а эцна, чувахара хIара. Дуьненах а чамбайна.

Мохьмад-Салахь Гадаев вина ГIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь. 1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтовн а, Толстойн а, Пушкинан а, Некрасовн а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши киншка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.

1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистийн тобанан декъашхо хиларна а бехке а вой, пхийтта шарана набахти чувуллу. 1957-чу шарахь иза набахти чуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а лоцу, нохчийн къам сийсаздина, яздорхо вийна, аьлла, бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина таIзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.

1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. 1972-чу шеран ГIуран-баттахь Мохьмад-Салахь кхелха.

XS
SM
MD
LG