ТIекхочийла долу линкаш

Интернет машано,къаьсттина телпонаша,вайнехан дахарна а,и кхеторна а,г1иллакх-амалшна а боккха эшам бохьу аьлла хета цхьаболчу бахархошна.

Тахана интернет зIено, цуьнан таронаша йийсаре дина адам. Гуттар чIогIа, шуьйра пайдаоьцурш ю телпонаш. Жима –воккха,зударий-божарий, кегийрхой-кхиазхой башхалла а йоцуш,боьдуш-богIуш, массеран а карахь,лерехь телпонаш гар цуьрриг а тамаше дац.

Царна тIебоьгIначуьра бIаьрг ца ойбуш дукха масалш ду цхьана баха бевлла бахархой лазаме дIабеттабелла а,машенаш кIелнисбелла а. Ур-атталла ишколашкахь а хьехархошна доза а доцуш халонга даьлла уьш дIаяхийта,доьшийлашка ца кхехьийтина гIерташ телпонашца тIом баллор.

Амма церан долахой,берашна тIера дуьйна схьа бутт-батте мосазза болу дебахь бен лахлуш бац. Кху тIаьхьарчу заманахь юкъа а баьлла шуьйра пайдаоьцуш болу и гIирс хесториш санна буй те аьлла дукха бу цара вон болх алсам беш лорурш: вайнехан иэсана а,гIиллакх-амалшна а,Iадаташна а,къаьсттина тIекхуьучу къоначу чкъурана а. Царех,телпонех масала,дезар а дина тезетахь лелор а эхье ца лору тахана цхьаболчара боху Новр кIоштерчу вахархочо Солтамурда.

Солтамурд: «ХIинцца тезетахь дар-кх. ТIеоьху-ш лаьтташ адам а долуш,докъаламазна беш кечам а болуш, телпоне ладоьгIуш Iаш ву цхьаъ. ЛадогIар ма дийца ахь,хIумма а лагIйина ладугIуш а вацара. Цхьамма човха а вина дIаяьккхийти-кх. Шовзткъара ваьлла хир волуш стаг вар-кх. Адам ,наркотике санна ,марзделла-кх цу телпоне. ХIара-м тамашена хIума ду! Цхьа эгIийна,Iадийна хIумнаш санна цу чу бирззинчохь бисна-кх. Вочу агIор кхин галдолуш дIадоьдуш гIуллакх».

Берийн а,кегийчеран а хIун бехк бу бохуш хеттаре юьйлу Теркйист кIоштера цIинйнана-пенсахо Зезаг. Цо дийцарехь хьалха кетIа а бовлий хьасане тIекаренаш лелайора нохчаша,ткъа хIинца телпонаш кара а лоций охьаховша дукха хьолехь.

Зезаг: « Тохара кетIа, ураме бовлий,хаза вовшашца къамел деш ,марзо оьцуш Iара. ХIинца муьлхха а цу чу а бирзина Iаш бу-кх,юх-юххе а хевшина. Хийла пенси бахна къанбелларш а бу цу чохь бохкуш. Оьзада доцург,товш доцург вовшашна гайта а гойтуш Iаш бу-кх. Эхь дац иза. Ур –атталлла веллачу стеган докъа а кхуссу цу чу. Мел очдаьлла даьлла гIуллакх ду алахь!».

Махкахошна,берашна а,кхиазхошна а къаьсттина,телпонаша вон тIеIаткъам бар гена даьлла хилар дика го доьшийлахь,берийш хIусмашкахь къахьоьгучу хьехамча-хьехархошна беш. Царех ю Шелковск кIоштера Хадишат. Цуьнца а,цуьнан белхан накъостца Маликица а нисделла сан хIара къамел.

Хадишат: « Телпонех Iехабалар чIогIа гена даьлла. Суна балха тIехь гуш бу-кх и кегийрхой. Цу чу бирзиний кхин царна дуьне гуш а дац. Цхьа наркотик санна хIума ю-кх иза! ТIехиъний хьо,цуо чу а озаво,хьекъал дIа а хьо. Хан а йицло хьуна. Хьекъале,пайцдехьа хIума лохурш а бу царлахь ба-м,амма оьзда доцчу,лартIа доцчу хIуманашна тIаьхьабозурш ду-кх буцу ватсап чухула..»

Малика: « И еза телпонаш дай-наноша эца а ца оьшура. Ца оьшура ишколера дешан бевлча бен».

Хадишат: « Ас сайн шина кIантана ишколера волуш эцна-кх телпонаш. ЙоIна а оьцур яц деша йоьдуш бен»

Маршо радио: Мел хийцаделла те и телпонаш бахьнехь дахар?

Хадишат: « дахар чIогIа хийцина. ХIинца дукха хьолехь нахалахь уьйраш хаъал хедда. Чукаренаш а кIезиг лелайо. Хьалха гергарлонаш зIенехула ду. Цу чухула вовза а вевзий йоI маре а йоьду дуьненахь вевзаш воцчу,бIаьрга гина а воцчу стаге,кIанта зуда а ялайо,амма дукха дахха-м ца ло ишта дина маре…»

Малика: « Цу телпонаш адам гIиллакхех дохийна, уьйр-марзонаш хьалха санна ю бохург аьттехьа а дац. Наха юкъаметтигаш лелорехь пхийтта шо хьалхалерниг а тахана гуш долу сурт а йоккха башхалла йолуш ду».

Интернет зIенах,телпонех къамелаш мел динчарех дукхачара цхьа барт бича санна билгалдоккхура I6-I7 шераш дуззалц доьзалхошна еза,шуьйра таронаш йолу телпонаш эцар челакха,тIаьхьенан ойла ца еш дина хIума хилар. Цуьнца цхьаьна,нохчашлахь кIезиг бац,дерриге дуьненахь шуьйра баьржинчу гIирс-коьчаллех бераш а,кхиазхой а дIахербар хила тарлуш хIума ду аьлла ойланехь къастам хилларш

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG