ТIекхочийла долу линкаш

Ростоверчу кхело Казахстанерчу эрмалочунна 2 ½ шо хан тоьхна Шеме тIомбан ваха гIортарна


Ростов - Исламан пачхьалкх шех олучу тобанах дIакхета луучарна кхел яр, охан-беттан 26-гIа де, 2016 шо

Ростов - Исламан пачхьалкх шех олучу тобанах дIакхета луучарна кхел яр, охан-беттан 26-гIа де, 2016 шо

Оьрсийчохь Казахстанерчу эрмалочунна, бусулба экстремист ву аьлла бехке лерина, набахте чохь даккха 2 ½ шо хан тоьхна. Ткъе диъ шо кхаьчча Алматын вахархо волчу Заргарян Вазгена мукIарло дина Шемехь тIом бечу Исламан пачхьалкх шех олучу тIемлойн тобанах ша масийттазза дIакхета гIорторна.

Къилбаседа Кавказан тIеман кхело Заргарьянана хан туьхира охан-беттан 27 -чу дийнахь. Заргарьян дIалецира 2015 шарахь Ростовехь. Иза Ростовера туркойн махка а вахна, Шеме кхача дагахь вара. Юккъарчу Азин пачхьалкхашкара дукха кегий нах дIакхетта Исламан пачхьалкх шех олучу тIемлой тобанах а, кхечу Иракъехь а, Шемехь а тIом бечу тобанех а бохуш, дIахедарш ду цу регионерчу Iедалаша.

XS
SM
MD
LG