ТIекхочийла долу линкаш

Салахь Абделсалам тахана Белгино Францина дIавелла


Франци -- Парижерчу Сийлахьчу Маьждиг лардеш ву полицхо

Франци -- Парижерчу Сийлахьчу Маьждиг лардеш ву полицхо

Парижехь, лахьан-баттахь 130 стаг вуьйш динчу терроран тIелатаршкахь дакъалаьцца вара Салахь Абделсалам. Иза могIара декъашхо хилла ца Iаш, цу терроран тIелатаршна кечамбинчарех коьрта декъашхо вара бохуш, дIахьедарш дина Францино. 26 шо долу Абдельсалам Европехь низамхоша лоьхучу зуламхойх уггар цара лоьхучарех вара. Европан уггар кхераме лору зуламхо Брюсселехь схалацале хьалха биъ баттахь лийхира низамхоша. Иза Iедална каравахара зазадоккхучу-беттан берхIийтталгIачу дийнахь. Абделсалам Францин кхеле ван везаш ву кху беттан 27-чу дийнахь.

Талламхоша схьадийцарехь, Абделсалам вара Парижерчу 13 терроран тIелатаршна логистикан хьокъехь кечамбинарг. Иза ша эккхийта дагахь вара, амма тIаьхьарчу минотехь шен дог ойла хийцира цо.

XS
SM
MD
LG