ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамашкахь толахь, Трамп Оьрсийчоьнца юкъаметтиг тоян дагахь ву


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Iамерикехь хир болчу президентан харжамашкахь республиканхойн кандидат Трамп Доналда дIахьедира, нагахь санна ша президент харжахь, цо Китайца а, Оьрсийчоьнца а юкъаметтигаш тойийр ю аьлла. И дIахьедар Трампа Доналда селхана кхаарин дийнахь дира арарчу гIуллакхийн политикан хьокъехь ша Вашингтонехь динчу къамелехь. Iамерикан а, Оьрсийчоьннан а юкъахь “кIорга ца кхетамаш” белахь а, цунна аьтто бу аьлла хета шина пачхьалкхан юкъаметтигаш мелла а тоян. Уьш тоян Iамерико шегахь 'гIора' дуйла дIахаийта деза Оьрсийчоьнна. “Iамерикан, Китайца а, Оьрсичоьнца а пачхьалкхийн юкъара хьашташ каро деза,” элира цо. Трампа Iамерикан бартхошна критик йира, цара буьззанчу барамехь “кхерамзаллина мохь” дIа ца кхехьарна. Ша президент ваккхахь, 'Исламан Пачхьалкх' шех олу тоба хIаллакйийр ю ша, элира цо.

Хууш ма-хиллара, Iамерикехь президентан харжамаш хир бу кху шарахь лахьан-баттахь. Цу харжамашкахь президент дарж къовса хьакъ мила ву цкъачунна билгал ца даьлла, ткъа таханлерачу дийнахь Клинтон Хиллари а, Трамп Доналд а ду шайн партийн кхечу кандидател тулуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG