ТIекхочийла долу линкаш

Пхи стаг вийна малхбалерчу Украинехь


Украина -- Донецкан кIошт, Охан-беттан 27-гIа, 2016

Украина -- Донецкан кIошт, Охан-беттан 27-гIа, 2016

Оьрсийша гIодечу малхбалерчу Украинерчу сепаратистийн векалша элира угарр лаххара а пхи стаг вийна Оленивка гIалахь цхьана постана тIелатар дича. Донецкера цхьаболчу оьрсийшка озабезам болчу сепаратистан тобанийн векала Басурин Эдуарда дIахьедира шинарин дийнахь Украинан артиллерис 10 маьршачу стагана чевнаш йина аьлла. Схьахетарехь, и нах масех сахьтехь Украинан пачхьалкхан ницкъаша Iуналла дечу территори тIе дехьабовла рогIехь лаьтташ хиллера. Киево, постана тIе герз тоьхна боху сепаратистийн дIахьедарш, харцдина.

Меттигерчу дозанхойн пресс-секретара Котсурба Анатолийс постехь эккхийтар дара аьлла тIечIагIдира, амма Украинан артиллерис герз тохар ца гина шена элира цо. Цуьнан дешнаша ойла кхуллу и эккхийтар цу постехь йиллина хиллачу бомбан бахьанехь хилар.

Таханлерчу дийнахь Украинерчу малхбалерчу сепаратисташна а, Украинан пачхьалкхан ницкъашна юкъахь дIабоьдучу тIамехь 9000 гергга стаг кхелхина.

XS
SM
MD
LG