ТIекхочийла долу линкаш

Германехь туркой лецна, ДаIишца зIенехь хиларна


Германи -- Террорист хиларх шек волу стаг дIалецна, Чиллан-бутт 4-гIа, 2016

Германи -- Террорист хиларх шек волу стаг дIалецна, Чиллан-бутт 4-гIа, 2016

Ши бутт хьалха Германехь ехачу цхьана нохчийн мухIажирера кхело ялх бер дIадаьккхинера, цо царна Iунал ца до аьлла. Цу зудчунна гIо оьшу бохуш ахчанаш гулдан араяьллера туркойн цхьа тоба. ХIинца полицина гучудаьлла и нах ДаIишца зIенехь хилар.

Масех кIира хьалха Маршо радионо дийцира, Германехь мухIажар санна ехачу цхьана нохчийн зудчуьнца Iоттабеллачу бохамах лаьцна. Немцойн Бавари лаьттахь ехачу цуьнгара ялх бер дIадаьккхинера кхелан сацамца. Ненера бераш дIадахарна бух балош кхело вовшахтоьхна тоьшаллаш каракхаьчна, уьш талла аьтто хилира хIетахь Маршо радион. Цу кехаташкахь деталашкахь дуьйцуш дара, нанас шен доьзална кхочуш терго ца ярх лаьцна. Масех баттахь шех Югендамт олуш йолчу немцойн берашна Iуналла даран хьукмато тергонехь латтийна хиллераи доьзал, ненаца а зIенехь а болуш. Цу нене масийтаза берийн Iуналла дар тодахьара бохуш, хьукмато кхайкхамаш бина хилар а, цо хIетте а и кхайкхамаш тергал ца беш битина хилар а дара цу тIехь дуьйцуш.

„32 шо долу нана (цуьнан цIе кхеташ долчу бахьанашца Маршо радионо ца йоккху), шен берашна уьш дуззалца юург луш яц, бераша шаьш ишколехь а, хьукматхошка а бинчу латкъамца, иштта бераша дийцарехь, и зуда дукхахйолу хан телефончохь йоккхуш а ю, берашца кхетам-кхиоран болх беш а яц. Цуьнан II шо долчу кIанто ишколехь дийцина ма-хиллара, и нана шен бераш а эцна, Туркойчу дIаяха кечлуш а ю, ткъа цу кIанто и къайле ишколехь хьахийнийла гучудаьлча, нанас цу кIантана таIзар дина а хилла, хьо „ямартхо“ ву бохуш цунна дов а деш. Кхин а жимах долу ши бер коьртаца садолу хIумнаш хиларна кест-кеста берийн беша ца доьдуш, чохь соцуш ду. Кегий бераш ялх сохьтана чохь а цхье дуьтий, нана шен гIулкхашна кхечу гIала йоьдуш а хилла. Иштта цуьнан цхьана йоIо цкъа хьалха берийн бешахь елха а йоьлхуш, нанас шена сих-сиха етта бохуш дийцина, ткъа цул тIаьхьа шен ненехь гIодаккхархьама цуо иза бакъ дац аьлла юхаэцнера, делахь а, жимма хан яьлча кхин цкъа а дийцинера беро, нанас шена етташ хиларх лаьцна.
Кху шеран гIура баттахь цу доьзалан тиша хьал уьш бехачу жимчу гIалин бургомистре а даьллера. Цунна хиънера, цу зудчуьн бераш буззалца хIума юуш доцийла а, и бераш Iуьйранна берийн беша а, ишколе а даха чуьра арадовлучу хенахь меца хуьлийла а, царна цо шайца паузе кхалла хIума луш йоцийла а. Царех цхьанан а цергаш юьлу гIирс боцийла, царна тIера хIумнаш кIиранашкахь хуьйцуш йоцийла а. ТIера бехъелла схьаяккха-яккхинарг нанас маьнгеш тIе охьакхуьссуш хиларна, бераш лаьтташ дуьйшуш хилар а...“

Иштта дIа кхин а, кхин а масех агIонтIехь ягаръйеш ю берийн ненера йийлина ледарлонаш.

И дерриге а тидаме а эцна, зазадоккху бутт бовш кхело ненера дIа а даьккхина, цхьана ханна хьукматхошка дIаделлера бераш. И хилларг гIарделира, цхьана къоначу туркойн тобано Европехь бехачу бусулба нахе цу зудчунна бераш юхадохуш гIодан ахчанаш тассахьара аьлла кхайкхамаш баржийча. Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бехачу вайнаха жигара дакъалаца долийра цу боламехь, шайн таро йолчу кепара туркоша хьахийначу банкан чота тIе ахчанаш а дохуш. ХIеттехь Маршо радио а элира къона туркочуьца зIене, цуьнгара цу хьокъехь комментари езаш. Амма журналистаца къамелехь вуно тамашийна хьийзо волавеллачу туркочо цкъа цхьаъ олуш, юха важа олуш, шеконе къамел дира, эххар а ахча мел вовшахкхетта, билгал а и ахча цу зудчуьн хьажош дуьйла муха талла йиш ю бохучунна тIе даьлча, шена кхин хIуммаъ дийца ца лаьа, аьлла къамел хадийра.

Туркойн жигархо: „Хьан хеттаршна кхин жоьпаш дала ца лаьа тхуна. Кхузахь къамел дIадерздо ас. Нагахь санна хьуна цхьанхьа хIара яздан лаахь, цхьа а проблема яц хьуна. Тхоьгахь тхайн тоьшаллаш ду. Ма мотталахь, хIара тхо хьуна кхерамаш туьйсуш ду бохург дац хьуна, я тхо нахера ахчанаш лечкъон арадевлла ду бохург а дац хьуна. Тхайн тоьшаллаш тхоьгахь ду. Бусулба йижаршкахь, вежаршкахь тхан контакташ ю. Цхьа а проблема а яц хьуна. Иза тхан бусулба йиша ю, тхан, бусулбачийн санна,декхар ду, нагахь санна бусулба йиша-ваша халчу хьолехь велахь, цунна финансашца гIодан а, цунна улле дIахIитта а. Иза ду хьуна жоп, иза сан тIаьххьара жоп а ду, къамел дарна баркалла, де хаза а хуьлда хьан!“

Хууш ма-хиллара, Европехь адвокат лацар масех сохтехь чекхдаккха йиш йолуш хIума ду. Амма хIинца гучуьлла, цу тобано шаьш вайнахера а, кхечу цу зудчух къа а хетта, цунна гIоьнна ахча тессинчу нахера гулдина долу рицкъ цуьнга дIа а ца кхачош, хIинца а шайгахь латтийнахилар. Гучудаьлла и хIума и туркойн тобанера кхо стаг даханчу кIиранахь Баварерчу полисхоша лаьцначул тIаьхьа. ДаIиш тобанца зIенехь хиларна а, Шема дIабаха гIерташ хиларна а Iедало дикка хенахь дуьйна схьа ша...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG