ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчохь парламентан харжамаш бу


 ГIажарийчоь-- ГIажарийн зударий парламентан харжамашкахь кхаж тосуш бу Робат Каримехь, охlан-бетта 29-чу дийнахь, 2016

ГIажарийчоь-- ГIажарийн зударий парламентан харжамашкахь кхаж тосуш бу Робат Каримехь, охlан-бетта 29-чу дийнахь, 2016

ГIажарийн пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Абдолреза Рахьмани Фазди дIаьхедира ГIажарийн махкахь хиллачу шолгIачу раундан парламента харжамийн жамIаш стигал-къекъачу беттан хьалхарчу дийнахь дIакхайкхор ду аьлла.Цо и дIахьедар дира ГIажарийн пачхьалкхан телевиденехула. Цо дийцарехь, 291 йуьсучу парламентан 68 меттиг ю ГIажарийн махкахь къуьйсуш ерг. Кхаж тосуш бу охан-беттан 29-чу дийнахь. Керла парламент болхбан йолалур ю стигал къекъачу беттан 27-чу дийнахь. ГIажарийчоьнан пачхьалкхан парламентан Iуналлехь дац коьрта политикан гIуллакхаш, амма цуьнан йиш Руханис экономика кхио лерина гIулчашна гIорто ян.

XS
SM
MD
LG