ТIекхочийла долу линкаш

Орсийчоьнан тIеман министералла жоп делла Пентагонана


 Кема Су-27

Кема Су-27

Москох Оьрсийчоьнан дозана тIедогIучу Iамеркан кемана дуьхьал шен тIеман кема Су-27 дIахаийтина хиллера охан-беттан 29-чу дийнахь. Оьрсийн кема кхерам кхуллуш, чIогIа гергга тIедахана хиллера Iамерикан тIеман къайлах хаамаш гулбечу кемана. СиэНэНа бечу хаамца, оьрсийн кема цунна 30 метр гергга тIе а деана, хIаваан эскарахойн маттахь ‘чарм’ цIе йолу вуно кхераме манёвр йира. Iамерикан Iедало дIахьедира цу кепара манёвраш зе а, зулам а дан тарло кеманашна урхалла дечарна; цул совнаха, шина пачхьалкхан юкъаметтигашна юкъахь ца оьшу эскаляци кхолла а мега, аьлла. Охан-беттан 30-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан тIеман министералла официале дIахьедар дира шен массо а кема дуьненаюкъара хIаваан хьокъехь долу низамаш ца дохош лела, аьлла. Дагадаийта догIу, охан-беттан 29-чу дийнахь Пентагоно оьрсийн кемано йинчу манёврана ша чIогIа гIайгIане ю аьлла дIахьединера.

XS
SM
MD
LG