ТIекхочийла долу линкаш

200 гергга Iамеркан эскархо Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнахь Молдове вогIур ву меттигерчу эскархошца тIеман Iамораш дIадахьа. И Iаморш шина кIиранал сов дIахьур ду Молдовехь. Молдован тIеман министралло дIахьедира Iамеркан эскархой иттанашкахь гIагI диллинчу машенашкахь Румынера шайн махка богIур бу, аьлла.

Цаьрца Iаморашкахь дакъалаца лерина 165 гергга Молдован эскархо. Iамеркан векалта дIахаийтира, экархошна Iамон лерина ду шаьш эккхийтаран операцеш а, дарбадар а, эвакуаци яр а ду, аьлла. Оьрсийчоьне озабезам болчу оппозицино Iаморашна дуьхьал ша протесташ дIахьур ю боху.

Ала догIу, Молдова НАТО-н Машаран Программан дуьхьа цIе йолчу партнёраллех дIакхетта I994-чу шарахь. Молдован Приднестровье цIе йолчу сепаратистан регионехь I500 Оьрсийчоьнан эскархо ву гIуллакхдеш.

XS
SM
MD
LG