ТIекхочийла долу линкаш

Къоланаш дарна хьукматашкахь а, банкашкахь а Испанин кхело дуьненехула лаца кхайкхийначу иттанашлахь ву президентца Путин Владимирца уллера гергарлонаш долу Оьрсийчуьра ши политик, Iедалан куьйгаллех хилла ши стаг. Зуламаш дарх шеко йолуш лоьху оьрсий бу банкираш, бизнесхой, низамхой, шайлахь инарлаш а болуш.

Иштта церан могIаршлахь «Тамбовра зуламхойн мАза» олучу тобанера нах а бу. Нах байар, герзаш дохкар-эцар, Iазапаш нахана тIехь дар,кхаьънаш эцар, контрабанда, наркотикаш лелор, ахчанаш, дозанал ара а дохуш, доладахар – кхин а дуккха а ду Испанин кхело бехкеде зуламаш. Путинан гонера вуьйцу шиъ ву Пачхьалкхан думехь финансийн комитетан куьйгалхочун гIовс Резник Владислав а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министран Коьртачу Урхаллан куьйгалхо Аулов Николай а. Аулов офисо шега динчу хаттарна жоп луш аьлла, Испанино политика хьалхаяьккхина, Оьрсийчуьра хьукматхой сийсазбархьама.

Иштта лоьхучийн могIарахь ву тIеман министр Iийна Сердюков Анатолий а, премьер-министр лаьттина Зубков Виктор а, регионал-кхиоран министр Козак Дмитрий а, вице-премьер хилла Соболевский Игор а, кхиберш а.

XS
SM
MD
LG