ТIекхочийла долу линкаш

Украинан 13 лор маьрша ваьккхина «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобано йийсарехь латточуьра. И хаам зорбане баьккхина Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Климкин Павела «Твиттерерчу» шен агIонтIехь. «Хаза кхаъ бу, ДАIИШ тобанан буйнара ваьккхина Ливерчу Рас-Лануф гIаличу схьавалийна 13 медицинан белхахо», аьзза яздинера министра.

«Украинан Iедало ца хедаш зIе латтош ю маьрша баьхначу лоьрашца», аьлла тIе а тухуш. ТIаьххаьрчу масех шерачохь Украинан бахархой, шайлахь лоьраш а болуш, масийтаза карабаханера «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан тIемалошна Ливин дозанехь.

2011-чу шарахь Ливерчу гIаттамхоша 24 украинхо лаьцна хиллера, Каддафи Муаммаран агIончашца тIемашкахь дакъалаьцна аьлла, бехкебеш. Царех цхьаъ веллера, бисинарш кIелхьарабаха аьтто хилира.

XS
SM
MD
LG