ТIекхочийла долу линкаш

Вайнах-Телеком а, амал толлу Пранкстер а


Оьрсийчоь -- Кузнецов "Вован", пранкстер, Москох

Оьрсийчоь -- Кузнецов "Вован", пранкстер, Москох

Оьрсийчохь а баьржина лела и маьттаза бегаш. Цара гойту пранкстерца къамелдечун оьздангалла, собар, гIиллакхе къамел дан хаар я ца хаар. Нохчий а нисло пранкстерийн куьйга кIел.

Дика девза дуьненна пранкстерийн цхьа зулам а. Австралехь медицинан йиша Iехийра цига бер дан еана Британин принцан Вильяман зуда Мидлтон Кейт чохь Iуьллучу берийн цIийнахь. Меттигерчу журналисташа телефон тоьхна хиллера пекъар-йоIе, шун цу чохь ю сан нус, муха ду цуьнгара хьал, аьлла, къамел дийриг Британин паччахь Элизабет ШолгIаниг йолучуха.

ЙоIа ерриг а къайленаш охьаехкинера. Ткъа тешнабехк бинчу журналисташа-пранкерша нахала даьккхира шаьш дIаяздина къамел. Паччахьан доьзал шена къинтIера а баьккхина, йоI ирхъоллаелира.

ТIаьххьарчу хенахь оьрсашлахь а баьржина, телефон тухий, бевза нах, я могIархой ле а бой, цаьрга товш доцург а дуьйцуьйтий, къамелаш интернет-машанашна чукхуьйсу пранкстерш.

ГIараваьллачех ву Киевехь лечкъина а Iаш, Оьрсийчуьра бахархой эвххьаза хабаршка бохий, цаьргара мел хеза маьттаза хабарш нахала доху Вольнов Евгений.

Дукха а бу цо, оьрсий боцурш, лебина кавказхой. Дечу къамелехь аьхза хуьла иза цаьрца, уьш – цуьнца.

Вольнов Евгенийс къамнашца оьрсийн мотт буьйцуш хуьлу акцента а ялош, ша церан махкахо волуш санна, Iехабо, телефон а тухий, къамеле а бохий, тIаккха дарбийраш.

Дерриг а дIаяздо, тIаккха социалан машанашка а, Ютубе а кхуьйсу. Оцу видеох доккха самукъадолу дуккхаъчийн. Цо кавказхой Iехош бинчу белхана вуно реза хуьлу и санна болу кавказхой цабеза оьрсий. БIеннаш комменташ язйо кавказхой аьшнашбеш, царна лоьш.

Цхьа наггахь волу пранкстершка ша Iеха ца войтург а, цхьа наггахь. Дукха хан йоццуш иштта хьовзо гIоьртира Вольнов Нохчийчуьрчу зIенан Вайнах-Телеком компанин оператор. Амма шен белхан меттиг ларъян хууш волу нохчо Iеха ца валавелира.

Маршо Радионо дуккхаза а хьехна шен лардогIархошна а, сайт йоьшучарна а ватсапехь я социалан дукхахболчу машанашкахь мел зуламаш лела, мел кхераме ду адамо шена тIаьхьа хьовзаме даьндерг цадийцар, я муха Iалашъян еза стага шен маршонаш, шен бакъонаш.

Стенна оьшу пранкстерна пайдабоцурш лело, нах гезбаха, хьийзо? Вольновс иштта ло жоп.

Вольнов: «Муха ца лела веза гойту ас. Дукха хьолехь беламе ду дерриг, со т1еволуш хила а тарло, амма хьожушверг кхета, бух боцчу эвхьазаллина оьгIазъэхар иза Iовдалалла юйла. Бегаш хиларал совнаха, масал а ду иза, стаг муха хила ца веза гойтуш».

Иштта кхераме а, зуламе а бу, телефонехула нах хабаршка а бохий, хьашдоцург а дуьйций, дарбеллачу цара мел эриг нахала доху пранкстерш.

Аттаниг атта ду, стаг хьайна вевзаш вацахь, цуьнца деха ца дийцар, юьстахо а лаьтташ дуьхьалвистхилар, оьздангаллина тIера иза ваьлча, къамел дIахадор.

XS
SM
MD
LG