ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махко догдоху Вараев Iадлан схьакароре


Шинарийндийнахь дуьйна Нихал эвларчу Орга хинан йистошкахь, цхьа метар тIех а ца йолуьйтуш, лехарш ду дIахьош. Орцанхошна гIо деш бу, меттигера бахархой а.

ШолгIа де-буьйса дIадаьлча а, цига чуваханчу Вараев Iадланан ларшна тIаьхьа ца кхиъна.

И бохам муха хилла Маршо Радиога дийцира Iадланца уьйраш а, доттагIалла а долчу, Нохчийчохь арадолучу «Латархойн го» журналан коьрта редактора Гапуев Муслима.

Гапуев: «Селхана баьккхина и ирча кхаъ вайн къоме. Сурт иштта хилла цигахь: шен доттагIошца Нихалахь Iаш хилла иза. Бердан йистехь, меттиг хазъелла, сурт даккха йисте вахана хилла иза, «ма гIо» боххушехь.

Циггахь хилла-кх иза. Оцу меттехь, иза лоьхуш дуккха а нах бу, хьакамаш а бу, спортхой а бу. Боккха сингаттам бу-кх вайна. Стохка, нийса шо хьалха дIавелира тренер Багаев Дэги а, хIинца Iадлан а дIавели-кх».

Вараев Iадлан, цхьана хенахь уггаре а тоьллачу нохчийн латархойх хилла волу, хIинца Оьрсийчоьнан охьатохаран, латаран федерацин вице-президент иштта дIаваха хьакъ долуш стаг вацара, бохуш тIеоьцу ирча кхаъ иза вевзучу наха.

Дукхачарна дагадогIу, спорт ца езачарна а, цо латарехула яьхна лаккхара меттигаш. Иза а, цуьнца оцу хенахь гIарабевлла спортхоша, бовзийтинера нохчий къера а ца хуьлуш, яхь дIалур йоцуш буйла. Вараев Iадлан дIавалар-нохчийн къоман боккха бохам хиларх а, цо шен дахарехь баьхначу толамех а дийцира «Латархойн го» журналан коьрта редактора Гапуев Муслима.

Гапуев: «Вараев Iадлан- вайн 4-гIа чемпион ву дуьненахь а. Олимпиадехь шолгIа меттиг яьккхира цо. 7 секунд йисинчу хенахь, реферис толам цуьнца леттачунна дIабелира. ТIаьхьо бен ца хиира, Iамеркхоша, ахча а делла и толам шайна хилийтина аьлла.

Дукха везаш а, вевзаш а, самукъне а, нах дукха безаш а стаг вара. Олимпиаде 1988-чу шарахь вайн виъ нохчи вара цига вахана. Ас чIагIо йинера, толам баьккхинчун цIе сайн кIантана туьллура ю аьлла. Iадланан цIе ю цуьнан хIинца. Иза боккха бохам бу-кх вайна».

Нохчийн ломанца, къаьстина Орган чIожехь дуьххьара ца хилла иштта бохам. Кху иттех шарахь шортта баларш хилла, Вараев Iадланан санна.

Оцу меттехь хи чувахана стаг, схьалаха вуно хала хуьлу, хинан чехкаллан а, иза, хIокху хенахь дистина догIуш хиларна а. Наггахь кара а ца бо нах. Ялх шо хьалха, Гуьржийчохь, нохчийн дозанерачу эвлахь некъа бохам а хилла, массийта стаг чохь волу машен Органах дIакхеттачу хин чу яхнера.

Царна юккъахь бара гуьржийн поэтан Диаури Гелин зуда а, бераш а. Уьш а ца карийнера, мел лехарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG