ТIекхочийла долу линкаш

Дахначу шарахь Донецк гIалахь чудаийтинчу Малайзин «Боинг» кеманах шаьш дина зераш Iорадохуш рапорт арахецна Дуьненаюкъарчу «Беллингкаьт» тобано кхааарийдийнахь. Эксперташа дIахьедо хаамашкахь, шайн аьтто хилла кеманна хьажийначу «Бук» ракетан ноьмар къастон. Ткъа и ноьмар йолу ракета Оьрсийчоьнан Курск гIалахь куп тоьхначу 53-чу тIеман декъанна тIеяздина ду.

Рапортан боллучу чулацамах аьлча, идентификацин ноьмар гучуяьлла бохучух кхин сов тIетоьхна ала хIуммаъ дац шайн, тIеман министраллера деха цуьнах жоп, аьлла комментарий елла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Дахначу шеран ГIадужу баттахь Нидерландашкарчу кхерамазаллин кхеташоно зорбане даьккхинчу рапортехь билгалдаьккхира, Украинехь чудаийтина хилла некъахой чохь болу Боинг-кеманна Оьрсийчоьно йиначу „Бук“ комплексан ракета тоьхна бохург. Ткъа Оьрсийчоьнан Iедало тIе ца дуьту шайн бехк хилар.

2014-чу шарахь Украинин территори тIехь охьадоьжна Малайзия Аирлайнс авиакомпанин Boeing 777. Цу тIехь хилла 298 стаг велла.

XS
SM
MD
LG