ТIекхочийла долу линкаш

Миллиардер Трамп Доналд тоьлла харжамашкахь


Индиана штатехь толам баккхарца Iамеркарчу республиканхойн партехь цхьаъ бен воцу кандидат хилла президентан харжамашкахь миллиардер Трамп Доналд. Ша эшарна къера хилла цуьнца хIинццалц къовсамехь лаьттина сенатор Круз Тед. Иштта демократин партехь кандидат яла тарлуш ю Сандерс Берница къийсалуш йолу Клинтон Хиллари а.

Республикхоша дIахьедо, Клинтон Хиллари мегар дац президентан дарже харжа, бохуш. Ткъа демократаша, Трамп президент хIоттавахь, къам галдолу, боху.

Трампа дуьненаюкъара политика ша муха кхетайо Iамеркахошна хоуьйтуш дIахьедира деношкахь, ша Оьрсийчоьнца гергарло а лелор ду, «Исламан пачхьалкх» олу террорхойн тобанаш а хIаллакйийр ю, аьлла.

XS
SM
MD
LG