ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайна Вараев Iадлан лоьху Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу Итум-Кхелахь вайна шинарийдийнахь гоьваьлла спортхо, Оьрсийчоьнан латаран Федерацин вице-президент Вараев Iадлан. Иза лоьхуш доккха орца даьлла Нохчийчсохь. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, Орган чIожехь лекхачу бердан йистехь Iаламан суьрташ дохучу мIаьргонехь, ког шершина хи чу вахана Вараев Iадлан.

Орцанан министраллин белхахоша саццаза лоьхуш ву спортхо, амма кху сохьтехь а цхьанне кепара хаам бац вайначух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG