ТIекхочийла долу линкаш

Ломара Карабах бозуш боцуш, маьрша мохк бина тIеэцаран низаман проект тIечIагъйина Эрмалойчоьнан куьйгалло. Еарийдийнахь пачхьалкхъан кхеташонехь и проект йовзийтира Эрмалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Колчарян Шаваршас.

ТIедогIучу кIиранах рогIера йоцчу парламентан кхеташонехь йийцарейийр ю и низаман проект. Карабах йозуш йоцу республика санна тIеэцаран сацам хилла Карабаха а, Еревано а бертан дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа. Дуьненаюкъара пачхьалкхаш шина къоман бартбан юкъагIерташ, дипломати лелоро а, ца хийцира хьал.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацино бинчу хаамашца, азербайджанхойн, эрмалойн конфликтехь вийна 30 эзар сов стаг, лазийна 200.

XS
SM
MD
LG