ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан политик, оппозицирнер Немцов Борис вейтарна бехке лоурчу Геремеев Русланан тапча карийна цуьнан вешин Геремеев Артуран хIусамехь, аьлла хаамбаржийна чоьхьарчу министраллин цхьана декъан векалто.

Москохарчу агенталлаша бечу хаамашца, Геремеев Артур вехачу Москохарчу Веерная урамерчу хIусамехь талламаш дIахьочу хенахь карийна тапча. Цара дийцарехь, Геремеев Руслана герз эцна хилла 2013-чу шарахь Нохчийчохь. Иштта тоьшаллаш до агенталло, Геремеев Руслана и хIусам шен вешин Артуран цIартIехь латтош а хилла, цул совнаха, оцу петарчохь масийтаза вогIуш-воьдуш хилла Немцов верна бехке веш чохь латтон Дадаев Заур а.

Бахначу беттан 27-чу дийнахь Немцов Борисан йоIа Жаннас юха а дехар динера Талламан комитете, ницкъаллин структурийн белхахочуьнгара Геремеев Русланера шен да вейтарна жоп дехар.

XS
SM
MD
LG