ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьал Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин цIарх тергонехь латточу ал-Хьусайн Зейд Раада пIераскана бинчу хаамца, Идлиб провинцехь мухIажирийн четаршкара 28 стаг вийна кеманаша тоьхначу ракеташа, аьлла.

Цо бахарехь, тера дац кеманаш гIалатделлачух, и тохар тIеман зуламийн могIара даккха а деза. Цунна цкъачунна билггал ала ца хаьа, зуламдина кеманаш Шемарчу режиман ду, цунна гIодечу мехкийн ду. Асадан инарлаша даре ца дина.

Цара бехкейо шайна дуьхьал лаьтта тIеман оппозици. Францино а, кхин а массех махко а емалдина зулам, кхайкхина дуьненаюъкара хьукматаш иза талла. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а хаамбина, шен кеманаш хилла дац Идлибна герга нах хIаллакбечу муьрехь, аьлла.

XS
SM
MD
LG