ТIекхочийла долу линкаш

Казахстанехь дIахьочу лаьттан приватизаца доьзна даржера дIаваьлла кхин а цхьа министр. Президентан пресс-гIоьнчаша бахарехь, пIераскана шегара гIант дитина юьртбахаман министро Мамытбеков Асылжана. Иза балхара дIавахна президента Назарбаевс ша вуьззина хьакъвац даржехь Iан де хьалха аьллачул тIаьхьа.

Еарийдийнахь иштта дитира шегара гIант экономикан министро Досаев Ерболата а, цуьнан гIовсо а. Латтана приватизаци яр ханна сацийна Назарбаевс. Досаевс бинчу сацамца а догIуш, Iедалан латта дохка долош дара тIедогIучу деношкахь.

Амма дуккха а бахархой бевлира иза ца тайна. Гуламашка бевллачу цара хьал далхадора, приватизаци шуьйрра дийриг а гойтуш дIаяхьа еза, коррупцех пачхьалкх Iалашъярхьама, бохуш.

XS
SM
MD
LG