ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонан мэр бусалба хир ву


Садикъ Хан, стигалкъекъа-беттан 5 де, 2016
Садикъ Хан, стигалкъекъа-беттан 5 де, 2016

Британин оппозицин къинхьегаман партин кандидат Садикъ Хан хаьржина Лондонан мэр. Иза ЕвроБертехь коьртачу шахьаран дуьххьара бусалба мэр хир ву. 57 процент харжамхоша кхаьжнаш тесира Садикъна, ткъа цуьнца дарж къуьйсучуна 43 проценто тесира.

45 долу Садикъ Хан Пакистанерчу автобусашна урхалла дина хиллачу эммигрантан кIант ву. Садикъ Ханца мэран дарж къуьйсуш хилларг консерваторийн партин декъашхо, олигархан кIант Зак Голдсмиф вара.

Къинхьегаман партин куьйгалхочо бусалба мэр декъалвеш яздира Твиттерехь: “Декъалвойла Садикъ Хан! Со сатесна ву хьоьца цхьаьна болхбан, Лондон массарна а нийсолелон гIала ярхьама.”

Иштта декъалвина Садикъ Хан цхьамогIа Парижан а, Нью-Йоркан а мэраша а, Францин премьер-министро а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG