ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японин премьер-министр реза ву Путинца хиллачу дийцарийн жамIана


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Владимир Путин а, Абе Шинзо а Сочехь, стигалкъекъа-беттан 6 де, 2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Владимир Путин а, Абе Шинзо а Сочехь, стигалкъекъа-беттан 6 де, 2016

Японин премьер-министр Абе Шинза тешна ву шен кхаа сахьтехь Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца дIадаьхьана дийцарш къуьйсучу Курилан гIайренашца йоьзна статус билгаляккхаран хьокъехь “цкъа а ца хилла тайп кхиам” хиларх. Японин арарчу гIуллакхийн министералла схьадийцарехь шии куьйгалхо реза хилира цу проблемана тIехь шаьш шимма болхбан. Премьер-министр элира шена хетачунна Путин а тIетевжира аьлла. Ши куьйгалхо тахана реза хилира шаьш шиъ дийцаршкахь, юкъалела нах боцуш, дакъалаца. “Ма дарра аьлча, хIара керла элемент ю,” Путина элира цхьаьнакхетарехь, “цхьадолу хаттарш тидам хьакъ болуш ду, и бахьанехь оха ша-тайп тидамбан безар бу юкъаметтиг кхиорна.” Цкъачунна, Москох Японина гIайренаш дIаяла реза йолчух тера дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG