ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японин премьер-министр реза ву Путинца хиллачу дийцарийн жамIашна


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент а, Японин премьер-министр Абе Шинзо а Сочехь, стигалкъекъа-беттан 6-гIа де, 2016 шо.
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент а, Японин премьер-министр Абе Шинзо а Сочехь, стигалкъекъа-беттан 6-гIа де, 2016 шо.

Японин премьер-министр Абе Шинза тешна ву, шен кхаа сахьтехь Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца дIадаьхьана дийцарш, къуьйсучу Курилан гIайренашца йоьзна статус билгаляккхаран хьокъехь “цкъа а ца хиллачу кхиамца” хиларх. Японин арарчу гIуллакхийн министералло схьадийцарехь шии куьйгалхо реза хилира цу проблемана тIехь шаьш шимма болхбан. Премьер-министро элира шена хетачунна, Путин а тIетевжира аьлла.

Ши куьйгалхо реза хилира, шайн дийцаршкахь юкъалела нах боцуш, дакъалаца. “Ма дарра аьлча, хIара керла элемент ю,” Путина элира цхьаьнакхетарехь, “цхьадолу хаттарш тидам хьакъ болуш ду, и бахьанехь оха шатайпа тидам бан безар бу юкъаметтиг кхиорна.”

Цкъачунна, Москох Японина гIайренаш дIаяла реза йолчух тера дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG