ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь йина а, кхуьуш а ю Раяна. Берийн-иллиалархойн могIаршкахь ю шен 5 кхаьчча дуьйна. Музыкехь санна баккхий кхиамаш боху цо дешарехь а - наггахь а «4» доцуш кхаьчна 9-чу классе а. Соьлж-ГIаларчу Калининан юьртахь ю цо доьшу 38-гIа школа.

Эсамбаевн Махмудан цIарахчу «Даймохк» ансамблехь» цо эшарш локху 4 шо ду. Гастролешка лела цуьнца цхьаьна Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахула.

Олучу эшаршкахь ю массех жанр, массех маттахь ду дешнаш. «Аз.Бераш» проектехь цо дуьххьара лекхна йиш яра францойн маттахь –Индилас олуш йолу «Derniere danse» – «ТIаьххьара хелхар».

ШолгIачу рогIехь трио яра – Арсенина Элина а, Буравченко Ярослав а, Асламбекова Раяна а. Кхааммо а дика лекхира, амма Раяна бухайитира кхидIа дакъалаца.

РогIерчу ражашкахь а тоьлла гайтира ша Асламбековас.

Финалехь хьовсархоша хьалхара меттиг кхачийра, 61 процент кхаьжнаш а тесна, заьIапхо Плужников Данил. Асламбекова Раяна – шолгIаниг.

Асламбекова Раяна

Асламбекова Раяна

​Стенгара ю Раянин ойланаш, цIена нохчийн мотт, гIиллакхаш довзар? Оцу хаттарна жоп лохуш цуьнан ненаца Луизица дира оха къамел. Цо йовзийтира Маршо Радион шен йоI, цуьнан шена гуш болу лехамаш.

Шеко йоццуш, боккха, шуьйра некъ бу дахаре Асламбекова Раянина хьалха. Оцу новкъара иза ер ю аьлла а ца хета. Ларор ю иза шен къомана кхидIа а пайде хила, шен дахар тайначу хьесапехь дIадахьа.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG