ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Толаман Де Соьлж-ГIалахь


ХIоразза, леррина кечам а бой, ерриге а Оьрсийчуьрчу кхечу регионашна масале а дилла мегар долуш дIахьо и даздарш.

Стохка, йоккха театралан гайтам хIоттийра, Рейхстаг дIалоцуш санна эскархой а болуш, детташ герзаш а долуш.

Кху шарахь иштта ца хиллехь а, тIеман техника а, беракеманаш а долуш дIаяхьира тIеман парад. Мехкан куьйгаллера ша верриг вара трибуни тIехь.

Мел лаххара а 3 эзар эскархо а, 60 ца кхоччуш тIеман техника а яра оцу гайтамехь.

Шо шаре мел долу оьшуш болу ветеранаш а бара. Республика коьртехь волчу Кадыров Рамзана, ша вистхуьлуш тидам бира, 71 шо хьалха советан салташа гайтинчу майралло, тахана дуьненаюккъерачу терроризмаца къийсам латторехь гIо до, аьлла.

Оцу хIуманна терго яр, цхьа бахьана долуш а дара. Парад йолаяла дукха хан ялале, Соьлж-ГIалин дозанехь блок-постехь чолхалла хиллера.

Меттигерачу шина вахархочо тIелатар динера цигахь лаьттачу полисхошна. Цхьаъ иккхинера царна юккъахь, важа-герз тоьхна вийнера. Низамхошна юккъера 6 лазийна аьлла официала хаам бу баржийна.

ТIелатар динчу шинна цIераш а хиъна. Иналов Ахьмад а, Джанаралиев Шамил а ву, 25-23 шераш долу. Соьлжа-ГIалара Кировн цIарахчу эвлара ву ший а.

Ветеранаш тахана Нохчийчохь дукха бисина бац. Нийса шо хьалха 37 стаг вара, тахана-29 ву. Уьш а ца бисира терго йоцуш. ХIоранна 300 эзар сом деллера свогIатан. Иштта, беллачу ветеранийн биъ доьзална цхьацца миллион сом делла, дахаран хьелаш тодайтархьама.

Толаман де а, оцу тIеман ветеранаш а Нохчийчохь даиманна сий а долуш хилла бу. Юккъараллехь халахеташ дерг ду, къаьстина, церан тIаьхьенна-уьш боккъала а турпалхой санна чекхбовлар дицдина хилар.

Уьш ямарт хилла бац, аьлла Маршо Радиога дийцира Шела кIоштера вахархочо Абдурзаков Хьасана.

Абдурзаков: «Вайна хууш дерг кIезга хIума ду. Дуккха а нохчаша дакъалаьцна тIамехь. Иза дуьйцуш а дац. Уьш къайлабахархьама, царна кхечу къаьмнийн цIераш тихкина».

Нохчийчохь тахана цхьа а доьзал хир бац, шайн уллера а, геннара а гергар нах оцу тIамехь хилла боцуш, аьлла лакхахь дийцинчу къамелна тIетов Хьалха-Мартан кIоштера вахархо Шаипов Муса.

Шаипов: «Наггахь доьзал хир бац Нохчийчоь оцу тIамехь дакъалаьцна гергар стаг воцуш. Сан ненан агIор цхьаъ Варшавехь дIакхелхина. Важа-ненан де шича, Брестан гIопехь кхелхина. Ден шича, оцу Брест-гIопехь говраш мокъа а яхьна цигара дIавахана хилла.

Цул тIаьхьа цигара го къовлабелла, кхин стаг ара ца ваьлла. Кобрино олучу меттехь а хилла иза. Стохка суна хиъна, Масюковщина цIе йолчу Белорусера концлагерехь йийсаре а кхаьчна, цигахь веллийла».

Нохчийчохь ветеранашна терго еш хилар а билгалдоккху юккъараллехь. Иштта, вайгара масал а оьцуш, царна терго ерриге а Оьрсийчохь еш елхьара дика хира дара, аьлла дуьйцу Абдурзаков Хьасана.

Абдурзаков: «Оьрсийчуьра ветеранаш дукха а бац. Церан ларам бу аьлла ца хета суна. Горбачевн заманахь а царна гIо дийра ду бохуш дуьйцура. Уьш бал ца леш, холчахь ду моьтту суна Iедал. Нохчийчохь-м царна терго еш ю, гIо а до. Кхечу регионашкахь, Советан пачхьалкх хиллачу меттигашкахь, церан хьал дика дац-кх».

Толаман денна тIаьххье, схьадогIуш кхин цхьа дезде а ду Нохчийчохь. Стигалкъекъа беттан 10 де, масех шо хьалха дуьйна билгалдоккхуш ду тезетан де санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG