ТIекхочийла долу линкаш

Боснийхой оьгIазбахана шайн лазам аьшнашбечарна


Дуьненан шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Европехь эккхийтина уггаре а къиза геноцид, бегаш а беш, телевизионан комедехь аьшнаш яр нийса дац.

Iамеркехь телегойтийлан комедийн программехь аьшнашдина 1995-чу шарахь Сребренице гIалахь эзарнаш бусулба нах байар а, Боснин коьрта гIала Сараево, 11 эзар ах эзар стаг а вуьйш, кхаа шарахь гонехь латтор а. Боснийхой оьгIазбахана, Iамеркхоша шайн бохамах забаре кочар дарна.

Охан-беттан 22-чу дийнахь Iамеркарчу Си-Би-Эс телегойтийло шен «тамаше шиъ» цIейолчу эпизодехь гойту цхьамма шен езаре, иза сербийн ресторане кхойкхуш, яло, Сребреницин чам боккху вайшимма, бохуш.

Хьехориг бу 8000 бусулба борша стаг вийна бохам.

2004-чу шарахь ХIаагера дуьненаюкъарчу трибунало «геноцид» санна тIеэцна и къиза хилам.

Тахана а чевнаш ерзазчу бусулба боснийхойн Iийжамах беламе кхардар дуккхаъчу бусулбанашна новкъадеана.

Оцу комедин кийсак Си-Би-Эс канало интернете яьккхинчу дийнахь дуьйнна Европехь, Iамеркахь бехачу боснихоша, церан яздархоша, артисташа цхьабоса дIахаийтира шаьш оьгIаздаханийла а, шайна цатам хиллийла а.

Сребереницехь хиллачу бохамах кIелхьарваьллачу 6000 эзар стеган цIарах цигахь ехачу Мехмедович Хатиджас дIахьедира, Iамеркахойн шоуно аьшнашбо зударий, Сербин салташа, ницкъаша оцу ресторанашка а кхуьйлуш, ницкъбинера шайн зударшна тIехь, аьлла. Мехмедович Хатиджин цIийнда а, ши кIант а, ши ваша а вийна геноцидехь.

«Оьзда дац ишттаниг аьшнашдар. Европехь бицлур боцу бохам бу иза,» - элира Маршо Радионерчу Балканан сервисе Мехмедович Хатиджас.

Боснин хаамийн гIирсаша а тергонза ца дитина Iамеркхоша шайн бохамах комеди яр. Цара яздо зорбанехь, Сребреницехь къизаллаш лайна къам юьхьаржахIотто йолчу Iалашонца арахецна комеди ю иза, аьлла.

Тузл гIалахь еха Стаубер Бранка. ТIеман шерашкахь сербийн салташа хьийзиначу зударшца уьйраш латтош, гуманитараллан юкъараллехь болх беш ю иза. Цунна а ца тайна Iамеркан телехьожийлехь ловзийна сценарий.

«Къизаллица йина сценарий ю, ша кхеташ яц, хIун маьIна ду цара буха диллинарг», аьлла хета Стауберна.

Канадерчу геноцидаш толлучу институто, Сараеверчу университетехь кхоьллинчу Iилманан-талламан юкъаралло а цхьабосса емалйина Iамеркхоша арахецна видео.

«Къиза геноцид лайна къам сийсаздар» лору цара а йийцаре ен видео.

Къоман трагедех комеди яр цхьаболчу Iамеркарчу сценаристийн, режиссерийн хотIехь хилла ца Iа.

Кест-кеста нисло кинематорграфехь филмийн авторша я оьздангаллица а, я къинхетамаллица а хастон таро йоцчу цхьацца мешкашкахь леллачу къиззаллах пайдаоьцуш сурт хIоттош.

XS
SM
MD
LG