ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанан премьер-министран кIант карийна


Пакистанехь премьер-министр Iийначу Гилани Юсуф Разан вадийна хилла воI дийна схьакарийна, Исламабадо шинарийдийнахь бинчу хаамца, Iамеркан а ОфхIанистанан а низамхошна мукьаваьккххина. «Газни гIалахь цхьаьна дIаяьхьначу операцино жамI деъна, Гилани Iела ХIайдар аьлла ду дIахьедар. Хаамбо, лоьрашка накъосталла а дайтина, кIант шен цIа Пакистане дIахьажор ву, бохуш.

Гилани Iела ХIайдар лачкъийра нийсса кхо шо хьалха, мехкан парламентан харжамаш тIекхача ши де дуьсуш, кхаьжнаш таса нах кхойкхучу муьрехь.

Цуьнан да Гилани Юсуф Раза премьер-министр вара Пакистанехь 2008-чу шарера 2012-гIа шо тIекхаччалц. Даржера дIаьккхира пачхьалкхарчу Лакхарчу кхело зуламна бехкевича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG