ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь "исламан фактор"


Германерчу Мюнхенна 300 чаккхарма герга лаьттачу цIерапоштан Grafing Bahnhof социйлехь веа стагна урс диттина цхьана стага шинарийдийнан Iуьйранна 5 сахьт долуш, хаам баржийна немцойн полицино. Полицин пресс-секретаро Гроб Михаэла бинчу хаамца, зуламхо лаьцна, мила, стенгара ву толлуш ду Iедал.

Прокуратурана хетарехь «исламан фактор» ю и стаг нах байа араваьккхинарг. Цхьаболчу тешаша дийцарехь, «АллахIу Акбар!» - бохуш мохь а биттина цо ша зуламаш деш.

«Политика хьалхаяьллачух тера ду, гарехь, иза жихIадхо ву. Хилла дараш толлуш ду, уьрсаш диттинчех цхьаъ билггал а долуш, велла», - аьлла журналисташка прокуратуран векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG