ТIекхочийла долу линкаш

БIеннаш эзарнаша корейхоша митинг дIаяьхьна


ТIаьххьарчу иттаннаш шерашкахь дуьххьара хилла къинхьегамхойн партин гулам берзарна леринчу митингехь дакъалаьцна къилбаседа корейхой бIеннаш эзарнаша. Iедалерчу партин гуламо позицеш чIагIйина къоман лидеран Ким Чен Ынан. 3400 делегатах хIоттабеллачу гуламо къобалдина лидер зарратан герз дебо лерина хилар. Шинарийдийнахь къоман парад хилира Къилбаседа Корейхь, дуккха а лозунгаш а йолуш нехан карахь.

Парадан коьртехь волчу Ким Чен Ына куьг лестийра шена гергахула чекхбовлучу махкахошка. КIиранашкахь параде нийсса лела Iамийра цуьнан декъашхой. Деа дийнахь лаьттина гулам чекхбаьлла. Ким дуьнентIехь воцчу хенахь - 1980 шарахь хилла цул хьалхарниг.

XS
SM
MD
LG