ТIекхочийла долу линкаш

Толаман Дийнахь Соьлжа-ГIалина чувулучохь лаьттачу ханехь динчу эккхийтарехь лазийна Башкортостанера виъ полисхо Iуьллу Соьлж-ГIаларчу дарбанцIийнехь. Хана тIелеттачух цхьаъ а оьккхуш, важа вен а вуьйш хиллачу бохамо дIадаьхьина цхьана полисхочун са, аьлла дара юьхьанца, ткъа тIаьхьо официалехь даржийра 6 полисхо лазийна, вийна стагга а вац, аьлла.

Динчу эккхийтаран ницкъ 400 грамм тротиле кхочу, дIахьедина полицино. Шаьш а леш, тIелеттарш бу 28 шо долу Джанаралиев Шемал а, 25 шо кхаьчна Иналов Ахьмад а. Церан доьзал а, гергарнаш а бу карарчу хенахь Iедало лебеш.

XS
SM
MD
LG