ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдадера эккхийтар шайна тIелаьцна ДАIИШ-о


БагIдадерчу шиIатойн Садр-Сити агIонерчу базарахь машен а эккхийтина, динчу зуламо байинчийн терахь 52-нне кхаьчна. ТIаьххьарчу шерашкахь динчу и тайпа зуламех дара хьалхо 65 стаг а вуьйш динарг. ХIинца динчу эккхийтарх жоьпалла шена тIеэцна «Исламан пачхьалкх» олучу экстримистийн боламо.

Хиллачу эккхийтаро дохийна гонахара цIенош, лаьттина машенаш. Онлайн-дIахьедарехь жихIадхоша дIахьедина, иккхинарг шайлара шахIид а ву, цо алссам гулбеллачохь шайна дуьхьаллата кечлуш шиIатой а хIаллакбина, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG