ТIекхочийла долу линкаш

Кхарийдийнахь цхьаьна тIеман Iамораш дIадолийна Iамеркан а, гуьржийн а эскарийн дакъоша Noble Partner («Оьзда накъост») цIе а йолуш. Карара бутт бовчу кхаччалц лаьттар ду Iамораш. Оьрсийчоьно шен мах хадийна оцу бараман – Кавказера хьал талхо тарлуш провокаци ю иза, аьлла Кремлан векалша.

Тбилисино хаамбарехь, 1300 эскархо ву Iаморашкахь, шайлахь Европера 650 Iамеркахой а, оццул гуьржий а, 150 британхо а волуш. Гуьржийчоьнан тIеман министралло бахарехь, Атлантикан аьлянсан а, Тбилисин а Iалашо ю гуьржашна НАТО-ца цхьана тIеман гIуллакх дIакхехьа Iамор. КIира гергга хьалха Iамеркара танканаш а, гIагIадиллина машенаш а кхечира Iаьржа хIордан йистонца йолчу Поти гIала, цул тIаьхьа тIебаьхкира альянсан кхиболу ницкъаш а.

XS
SM
MD
LG