ТIекхочийла долу линкаш

Немцойн Бавари лаьттахь Iуьллучу Графинг олучу жимчу гIалин цIерпошта вокзалехь шинари Iуьйранна сахуьллучу хенахь нисбелла и бохаме Iотта-баккхам.

27 шо долу жимстаг, хIинца гучудаьлла ма-хиллара, синлазаро хьийзош волу, эчиган некъа тIехь лаьттачу цIерпошти тIе сихбелла боьлхучу некъахошна цIеххьанна тIе а хьедда, урс детта волавелла.

Цо цу кепара чевнаш йина лазийна пхи стаг. Мюнхенерчу прокуратурано журналисташка бинчу хаамца, цуо чевнаш йиначех цхьа стаг, 56 шо долу меттигера вахархо, жимма тIаьхьо лоьрийн цIийнахь кхелхина. Важа виъ карарчу хенахь лоьрийн карахь ву.

Ша некъахошна тIелатаршна дина волу стаг,вада гIоьртина волу, меттигерчу полисхоша сихонца лаьцнера, цуьнгара урс схьа а доккхуш. Хье ца луш и стаг мичара мила а ву а къастийра Iедалхоша. Дуккхаъ шерашкахь психиатрийн тергонехь волу иза, цул совнаха, корт бахон молхнаш а, наркотикаш а муьйлуш хилла.

Цо маьршачу нахана тIелатарш даран бахьана Iедалхошна цкъачунна билгалдаьлла дац. ХIетте а, и бохам хиллачул тIаьхьа хьалхарчу сохьташкахь масех хаамийн гIирсо, шайна юккъехь булваран медиаш олурш хилла а ца Iаш, мелхо а, кхачамечу журналистикан масала ларалучара а хаамаш баржийра, тIелатарш динарг радикале исламхо ву, цуо ша нахана урс деттачу хенахь „АллахIу Акбар“ бохуш мохь биттина а хилла, аьлла

Жимма тIаьхьо амма Баварерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро ХIерманн Йоахима дацаре дира, зулам динарг радикале исламхо хилар а, иза хиллане а бусулба стаг хилар а. Лакхарчу даржерчу хьукматхочуо элира, талорхо къоман немцо а ву, ХIессен лаьттара цIера а ву, аьлла.

Ларамаза дац цхьаболчу хаамийн гIирсаша зулам динарг „АллахIу акбар“ бохуш кхойкхуш хилла аьлла даржор. Цара и хаам хиллачун тешана тIе а тевжаш баржийнера. Амма цу тешана билгал и ши дош хиллий-те хезнарг я цунна иштта моттаделла -те иза, я цо лерина кхоьллина -те иза бохург цкъачунна, полицино хилларг къастийна даллалца, схьадиллина хаттар ду.

Германехь ехачу Азраилова Тамарина цу тешана шена хаза луург хезна, аьлла хета, ткъа хIинца бусулбачарна гонахьа Европехь хIоьттина хьал цунна мацах тIом болчу хенахь Оьрсийчохь нохчашна гонахьа хиллачух тера хета.

Азраилова: „Зуламаш ца динарш а дина олуш зама ю вайна хIинца. Цо и АллахIу акбар аьллехь а, ца аьллехь а, хIинца иза аьлча санна дIадахна, полицино кхул тIаьхьа иза дацаре дахь а, цхьаммо а иза тергал а дийр дац. Шайна хаза луург хезна-кх иза шайна хезнабохучарна.

Бусулба нах а, цхьана баланех бевлла кхуза баха схаьбаьхкинчу мигранташна а дуьхьал хьажийна ду-кх иза. Зуламхой массо а къомана юккъехь а хуьлу, европахошна юккъехь а хуьлу, нохчашна юккъехь а, оьрсашна юккъехь а. Уьш бусулбачарна а, керистачарна а юккъехь хуьлу“.

Хьахон догIу, и саннарг IоттабаккхамхьастагIа Австрин коьртачу шахьарахь Венехь а нисбелла хилар. ХIетахь, масех де хьалха, Венерчу Бруннермаркт олучу базаран юккъехь Iуьйранна сахуьлучу хенахь балха йоьдуш йолу 56 шо долу меттигера яхархо йийнера цхьанаКения махкара орамаш долчу жимчу стаго.

Вуно къизачу кепара, цхьа боккха эчиган гIуркх бетташ гIеметтахIоьттина йолу зуда йийнарг чу ваха тховкIело а йоцуш, масех шарахь цу базаран кертахь Iер-вахар долуш хиллера.

Иштта меттигерачу йохкархошна а, цу гуонахь Iачу бахархошна а, ткъа иштта базарна Iуналла дечу полисхошна а дика хууш хиллера, и стаг коьртана телхина, син лазар долуш вуйла а, иза наркотикаш юуш вуйла а.


ХIетте а, и ирча бохам баьллачул тIаьхьа социалан машанашкахула цкъа хьалха даьржира, бехк боцу зуда йийнарг исламхо ву, аьлла.

И верси полицино яцаре йинчул тIаьхьа гучуделира, и коьртана дика воцу стаг 10 шо хьалха Кенера Австре политикан тховкIело еха веана хиллийла а, шен дехарна Iедало дацаре жоп деллачул тIаьхьа тховкIело а йоцуш, кадаьл-даьлларг дууш-молуш арахь вехаш хиллийла а.

Цундела, радикалечу исламхойн верси чекх ца яьлча, хIинца и стаг бахьана долуш, мигранташкарчу схьадуьйлучу зуламаша дийцаре до аьтто хьежамаш болчу интернет-лелорхоша а, аьтто-радикалечу политикаша а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG