ТIекхочийла долу линкаш

ТIом бирзина 30 шо даьллачул тIаьхьа, гуш ду Малхбузе, Оьрсийчоь вовшашца гIоьртина хилар. Оцу юкъанна Гергарчу Малхбалехь Iена цIий, стигалхула лела тIеман кеманаш – цигахь а ю кхузарчу агIонийн интересаш гараевлла.

21-чу бIешера чохь коьрта герз хилла дIахIоьттира информацин майда, къаьмнийн хатI хестор-дожор. Тахана тIом эделлачу герзаца бо - информацин, кортахьовзоран, кхетам галбаккхаран герзашца.

Муьлхха а тIеман операци дIахьош, оьшу информацин гIортор. Иракъна тIе бомбанаш етта ийши - цигахь карий химин герз. Цхьанна тIехь мостагIчун васт кхолла оьшу? Хьембоцуш карор бу шайн оьшшучу къомах иттанашкахь нах, я билгалйинчу меттехь охьадожа тарло кема.

Оьрсийчоьнна дуьхьал бечу информацин тIеман тренд хилла дIахIоьттина оьрсечу стагах европахойн, Iамеркхойн маьршачу дахарна кхерам бохьу мостагI вар.

Тахана Оьрсийчоьнан имидж дуьненна а безамехь, куьцехь гайтарна Iаламат чIогIа оьшу информацин гIо-накъосталла.

Ала догIу, информацин тIамехь Оьрсийчоь хьалхарчу раундехь дуьйнна эшна ю. ХIунда аьлча, Малхбузерчу дуьненан бIаьргашчохь Оьрсийчоьнан цIе а ю кхераман билгало санна.

Официалехь оьрсийн пачхьалкхан цIе Россия ю.

Ингалсан маттахь алалур доцуш цхьа аз дац, оцу маттах дуьззина догIуш ду цIеран массо а аз, цхьа тIаьххьара «я» доцург. Амма девзаш доцчу бахьанашца, оьрсийн пачхьалкхан цIе ингалсан маттахь яздаран кепехь Россия хуьлу, ткъа багахь аларца «Раша». Оьрси ву олуш - «рашн».

Мичара яьлла ингалсан маттахь ишта яздаран кеп? Кхачам боллуш оцу хаттарна жоп дан а дац.

Мел а фонетикан агIонца тида хьаьжча, гучудолу ингалсан маттахь «раш» бохучу дешан масех маьIна хилар. Масала, сихояр, ажиотаж, къовсам, сихаллехь тIелатар, ницкъбар, наркотикан чам баьккхинчул тIаьхьа хуьлу кайф и кх. дIа а.

«Раша», «рашн» дешнаш хезачу ингалсан маттахь къамел мел дечун кхетамехь дуьсу и харц маьIна. Жимма а оьрсийн култура, истори евзачу ингалсхошна гергахь а, оьрсий ву сихонца тIе а летта, ницкъбина, цул тIаьхьа ша динчух кайф тухур йолуш.

Муьлхха а оьрсий («рашн») ингалсхочунна агрессор санна хета, боху артиклан авторша.

Тергоне диллина авторша I9I2-чу шарахь Стокгольмехь даьккхина сурт. Цу тIехь, Оьрсийчуьра спортхойн тоба ю гуш 5-гIачу Олимпиадан ловзаршкахь. Хьовсал, кхойкху авторо, Пачхьалкхан цIе ингалсан маттахь «Rossia» аьлла муха язъйина.

Иштта яздарехь, ингалсан матте дерзийча, «роус» хила тарло. ЦIердашца гочдарехь маьIна а хийцало, «роза» олу зезаг, «жовхIар».

Ткъа хандашца хьаьжча, «роус» бохург юхаденвалар, хьалаайвалар, лакхавалар ду.

Иштта фоносемантан маьIница теллича, оьрсийн стаг агрессор ца хуьлу, дикалле кхийдашверг бохург санна, адаман кхетамехь а кхин лар юьтуш нисло.

Оьрсийчоьнан патриоташна Сандаков Дмитрийна а, Ламан Валентинна а ца тов шайн пачхьалкхах «Раша» яр.

Раша хIунда ю и, цьнан цIе Росси хилча бохуш, юх-юха карзахе вуьйлу и шиъ шаьшшиннан йозанашкахь.

Россех олу «Раша» гочдалуш а дац, боху цаьршимма, иза дегабааме, кхардаран маьIница юкъадаьккхина дош ду.

Тамаше хета цушинна, Оьрсийчоьнан баккхий хьаькамашлахь цхьа а стаг ца валар, цу эхье дешан балакхаьчна.

Президенташца хуьлучу цхьанакхетаршкахь, масала, кхайкхаво, вогIуш ву «Раша» Путин Владимир, ткъа важа - Лавров Сергей «Рашера», олий.

Харц хир дац, яздо цара, цигахь оцу дешан маьIна мел девзарг, кхардамца, цавашарца къайлах къежаш Iаш хилар оцу меттехь.

Шина Iилманчаша арахецначу артиклан чулайцам а бовзуьйтуш, Маршо Радио зIене елира Нохчийчуьрчу лингвистца Вагапов Iаьрбица. Нохчашлахь а бу цакхетамаш Оьрсийчоьнца боьзна.

Масала, «Росси», «Оьрсийчоь», «ГIазакхийчоь», «гIазакхий», «урус».

Вагапов: «Нохчийн маттахь олуш дерг. ший а нийса ду.Литературан оьрсий бохурггий, гIазакхий казакх бохучух сзьадаьлла ду. Кхазаккхий, гIазакхий хилла-кх вайн.

Вуьшта урус олура вай, Рус бохучуьра схьадаьлла иза.Цхьаболчу меттанашкахь "Р" элп хьалха ца хилла, вайн а санна.Раший-Маший цуьнах дерг ца хаьа суна. ГIазакхийн маттахь Россия бохучух схьадаьлла дац и ингалсан матте Раша? Хьанна новкъадеана и? ХIун диверси ю иза»?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG