ТIекхочийла долу линкаш

Румынехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа ракеташна дуьхьало ен турс кхоллар сихдина. Миллиард доллар гергга ахча ду Девеселу гIалахь хIитточу гIишлонийн, техникан мах. Турс чIагIдарца доьзначу бараме баьхкинера еарийдийнахь Iамеркара хьаькамаш. Атлантикан альянс герга а, гена а йоьлхучу ракетех Iалашъеш, болх бу хьош, дIахьедина Вашингтоно.

Москох реза яц хиламашна. Румынехь турс хIотторо шен интересаш талхайо аьлла хета Оьрсийчоьнна. Иза кхайкхийра «Интерфаксехула» герз ца даржорах а, цуьнан Iуьналлах а жоп лучу арахьарчу гIуллакхийн министраллан департаментан куьйгалхочо Ульянов Михаила. ПIераскана Румынераниг санна турс схьадоьллур ду Полшехь а.

XS
SM
MD
LG