ТIекхочийла долу линкаш

Кхушара ГIажарийчоьно шен бахархой хьовсор бац СаIуда Iаьрбийчу хьаждан, оцу пачхьалкхаца юкъаметтигаш гIоьртина хиларца доьзна.СаIудахойн «компетенци» кхачаме яцарна, дахначу шарахь адамаш вовшийн хьоьшуш велира 2400 сов стаг, царех 460 гIажаро вара, аьлла ду дIахьедар.

Кхерамзалла шаьш масситта баттахь йийцира саIудахошца, амма цхьа а жамI дац, я визанаш а ца елла, аьлла ГIажаройчоьнан културан министра Джаннати Iелас ИРНА агенталлехула. Ший а мохк ийгIина къаьсттина биъ бутт хьалха ТехIеранехь СаIуда Iаьрбийн векалт ягийча.

Эр-Риядой дипломатин гергарло хадийра и хилам бахьана долуш.

XS
SM
MD
LG