ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчуьрчу Коджаэли гIалахь вийна нохчийн тIеман баьччица Басаев Шемалца хилла, кхечу тIеман баьччин Исрапилов Хункарпашин ваша Исрапилов Руслан. «Сезджу» газето бечу хаамца, еарийн буса дина зулам, шен цIахь волчуьра иза нохчийн маттахь ара а вехна.

Коьртах а, некхах а йоьазза тапча тоьхна цунна. Карарчу хенахь талламаш бу туркойн Iедало дIахьош. Зорбано чIагIдо, оьрсийн Iедалан къайлах ницкъаш бу Исрапилов вийнарш, бохуш.

ТIаьххьарчу шерачохь пхийттех нохчо вийна Оьрсийчьура Туркойчу а лелаш къайлахчу сервисийн векалша, я бовзаза бисинчу зуламхоша.

XS
SM
MD
LG