ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джамо Iабдул-Бакъи кхелхина


Джамон цIе ца евзаш стаг хир вац Нохчийчохь. Махкахь мел хийцаделлачу Iедалшца, уьйр а латтош, декъаделлачу къоман бартбарехь къахьоьгура цо.

Цунах цхьаннан гIуллакх ца хиллехь а, тахана цуьнан вон мах хадош стаг вац. Даймахкана юьстах, Iаьрбийн пачхьалкхехь вина а, хьалакхиина волчу цо а, кхечу нохчаша а, деган Iийжамца тIеоьцура Нохчийчоьнан трагедеш.

КIоргга дешна а волуш, нохчашна хьов, Iаьрбашна а юккъахь дош лелаш, вуно лараме стаг вара иза.

Урдунан парламентан депутат а, министрийн даржашкахь а белхаш бина, хIинцалерчу паччахьан деца Хьусайнца доттагIаллехь а хилла вара Джамо. Дийцарехь, изий бен, хаам а ца беш, паччахь волчу воьдуш стагга а ца хилла.

Иза дIавалар боккха иэшам бу, ночхашна а, кхечу бусулбачу нахана а, аьлла Маршо Радиога дийцира Устрада-эвлара вахархочо Мукаев Хьуьсейна. Иза Iабдул-Бакъица дукха хена хьдуьйна гергарло лелош вара.

Мукаев: «Iабдул-Бакъи нохчийн къомана чIогIа оьшуш стаг вара. Вайнахана а, бусулбачу кхечу къоман нахана а дукха гIо дина а вара иза. Иза дIавалар эшам бу. Делан кхел ю-кх лелаш».

Iабдул-Бакъи Джамо, Нохчийчу веъча, цуьнца къамеле бовла лууш хуьлура дукха нах, дукхаъчу хIуманех хеттарш деш а хуьлура, бохуш, шен дагалецамаш кхидIа а бовзуьйту Мукаев Хьуьсейна.

Мукаев: «2008 шарахь вай цIахь маьждиг схьадоьллучу хенахь мел волу стаг хьала а гIаьттина, тIеийцира иза. Сарахь со волчу иза дIавигича, цхьа нохчийн журналист хьалха а ваьккхина, СаIудийн Iаьрбийнчуьра нах баьхкира цуьнца къамелдан.

Изий, кхиъ 7-8 стагий бен кху дуьненахь иштта Iеламчалла долуш вацара бохура цара. Сахиллалц къамел дира хьешашца Джамос. Урдане хьо воьдуш а, Амманера аэропортехь а, хьо Iабдул-Бакъи волчу воьдуш вуй олий, хаттар а дой, сий а деш, тIеоьцура шаьш Iарбаша».

Урдунхочо, BBC радион белхахочо БатIал Мурада иштта дагалоьцу Джамо Iабдул Бакъи:

Нохчийчурчу Iедалша а кадамбина Урдананан паччахье а, Iабдул-Бакъи Джамон гергарчу нахе а. Соьлж-ГIаларчу цхьана ураман цIе тилла сацам а бина Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG