ТIекхочийла долу линкаш

Путине, цуьнан «халкъаца къамел» олучу бараме шайн юьртан баланех видеодехар хьажийча дуьйна схьа, Кадыровн Iедало хьийзавечу Шаройн лаьмнашкарчу Кенхи-юьртарчу суьйлин Джалалдиновн Рамазанан цIенош дагийна, даима а хуьлуш ма-хиллара, бевзаш бац бохучу наха. И хаам баржийна Дагестанерчу «Черновик» газетехула Джалалдиновн зудчо.

Кенхирчу бахархоша тоьшалла до, шайн юьртара еарийдийнахь 1едало лаьцна кхо стаг, бохуш.

XS
SM
MD
LG