ТIекхочийла долу линкаш

ХIезм-Ислами жамаIатца машаран бертан доккхах дакъа кечдина яьлла ша, хаамбина ОвхIанистанан Лакхарчу Кхеташоно. И кхеташо президенто къастош а, тIалибашца юкъарлонаш лелош а ю.

Бертан дийцарш кIирандийнахь дикачу жамIаца а доьрзуш, 15 шарахь махкахь боьхна лаьтта машар меттахIоттаре догдоху президенто ГIани Ашрафа а, цуьнан гоно а.

Уггаре а машарна дуьхьаллаьттачех лору ОвхIанистанехь тIеман баьчча Хекматияр. Шеца Iедалан дийцарш доьлхучу юкъанна цо ши бутт хьалха, алссам цIий а Iанош, тIелатардира Iамеркан а, пачхьалкхан нийцкъийн а дакъошна.

XS
SM
MD
LG