ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кенхехь Джалалдиновн цIенош дагорца...


A resident Kenhi Dzhalaldinov Ramazan
A resident Kenhi Dzhalaldinov Ramazan

«Яблоко» партино Путине дехардина, Нохчийчуьрчу Шаройн кIоштахь, Кенхехь меттигерчу вахархочун Джалалдиновн цIенош дагор таллийта, догIучунна тIаIзарде, аьлла. Еарийбуса туьтмIаьжгашца баьхкинчу наха, чуьра доьзал ара а баьккхина, ягийна ДжалалдиновгIеран хIусам, чIагIдо массех хьостано а, доьзало а.

Джалалдинов Рамазан Iедало емал а веш, полице ийзоволийра цо бахначу баттахь Путине шайн юьрт баккхийчу эшамашкахь ю, шайна Кадыровн Iедале гIодар дехахьара аьлла, видео яржийча.

ХIинца, Дагестанерчу дозушдоцчу «Черновик» газето яздарехь, Нохчийчуьра ницкъхой бу къайлаваьлла Джалалдинов лохуш. «Нохчийн низамхой кенхо лоьхуш хьийзаро галйоккхуш лаьтта цуьнан могашалла, ткъа иштта Дагестанан а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигийн могашалла», - аьлла ду газето даржийначу Яблоко партин дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG